‏ 1 Chronicles 1

Адамна тӀера ИбрахӀимна тӀекхаччалц

(Доладалар 5:1-32; 10:1-32; 11:10-26)

1Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош, 2Къаим, Махьаллал, Ярад, 3ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ, 4Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.

5Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас. 6Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат
Грекийн гочдар тӀехь: РипӀат. Ӏебархойн тептар тӀехь: Дипати.
, ТогӀарма.
7Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.

8Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан. 9Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан. 10Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара. 11Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой, 12патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой. 13КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета. 14Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой, 15хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой, 16арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.

17Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах. 18Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар. 19Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ
ПалагӀ – Ӏебархойн маттахь цуьнан маьӀна ду «декъадалар».
яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.
20Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь, 21ХӀайдарам, Узал, Дикхалла, 22Ӏейбал, Абумаил, Шеба, 23Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.

24Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь, 25Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу, 26СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир, 27Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.

ИсмаьӀалан тӀаьхье

(Доладалар 25:12-16)

28ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а. 29Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам, 30МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма, 31Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.

32ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан. 33Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.

Исхьакхан тӀаьхье

(Доладалар 36:1-19)

34ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил. 35Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь. 36Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера. 37РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

СеӀирах схьабевлла эдомхой

(Доладалар 36:20-30)

38СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.

39Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.

40Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.

ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана.
41Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.

42Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан.

Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.

Эдом-мехкан паччахьаш

(Доладалар 36:31-43)

43Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера:

БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

44БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.

45Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

46Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

47ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.

48Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.

49Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.

50БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.

51ХӀадад а велла.

Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,
52АхӀлибам, Эла, Пинан, 53Кхеназ, Теман, Мубацар, 54Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.
Copyright information for CheCAC2012