1 Chronicles 12
Даудехьа бевллачех дуьххьарлернаш
1Дауд Къушин кӀантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагӀ-гӀала баьхкинарш хӀорш бу (тӀамехь Даудана гӀо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш, 2Бен-Яманан тӀаьхьенах а болуш, карахь секхаӀедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш): 3царах коьртаниг волу АхьиӀазар а, иштта ЮӀаш а (уьш бара гебаӀхо волчу ШемаӀин кӀентий);Ӏазмаватан кӀентий Язиал, Пелат;
Барха а, Ӏанатотхо ЯхӀу а;
4ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам а волуш, царна юкъахь доьналла хиларца къаьстина хилла волу гавӀонхо ИшмаӀ-ЯхӀу;
Ярми-ЯхӀу, Яхьазиал, Йохьан, гадирахо волу Юзабди,
5Эли-Ӏузай, Еримати, БаӀал-ЯхӀу, Шамар-ЯхӀу, хьарупхо волу Шапат-ЯхӀу;
6кхорахьахой болу Элкхан, Йиши-ЯхӀу, Ӏазариал, ЮӀзар, ЯшбаӀам;
7гадурхочун Ярохьаман кӀентий болу ЮӀела, Забди-ЯхӀу.
Гадин тайпанах болу Даудехьа бевлларш
8Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чӀагӀоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тӀом бан кийча болу тӀемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара. 9Царах коьртаниг – Эзар, шолгӀаниг – Ӏабди-ЯхӀу, кхозлагӀниг – Элиаб, 10воьалгӀаниг – Мишмана, пхоьалгӀаниг – Ярми-ЯхӀу, 11йолхалгӀаниг – Атай, ворхӀалгӀаниг – Элиал, 12борхӀалгӀаниг – Йохьанан, уьссалгӀаниг Эли-Забда, 13уьтталгӀаниг – Ярми-ЯхӀу, цхьайтталгӀаниг – Махбанай вара. 14Гадахойх болу уьш тӀеман хьаькамаш бара: лахарниг – бӀе тӀемалочунна тӀехь, ткъа лакхарниг – эзарна тӀехь. 15Уьш бара Йордан-хи дистина догӀуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогӀи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дӀалелхийнарш.Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тайпанашкара болу Даудехьа бевлла нах
16Иштта, Даудан чӀагӀонна тӀе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенах болу нах. 17Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна». 18Ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам волчу Ӏамсайна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха цо элира: «Тхо хьоьгахьа девлла, Дауд,хьоьца ду тхо, Юшайн кӀант!
Боккха машар хуьлда хьуна,
машар хуьлда хьан гӀоьнчашна а,
хӀунда аьлча хьан Дела хьоьгахьа ву».
Дауда уьш, тӀе а эцна, эскаран коьрте дӀахӀиттийра.
Маннашан тайпанах болу Даудехьа бевлла нах
19Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пӀелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тӀом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пӀелаштамхошна гӀо ца дина, хӀунда аьлча пӀелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дӀавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».) 20Дауд ЦакхелагӀе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хӀорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиӀаал, Микаал, Юзабди, ЭлихӀу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тӀехь болу хьаькамаш бара. 21Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гӀо дора Даудана, хӀунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь. 22ХӀора дийнахь Даудана гӀо дан нах тӀеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чӀогӀа алсамделира цуьнан эскар.Даудан эскар
23Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дӀаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тӀемалойн тобанийн барамаш иштта бу: 24ЯхӀудан тӀаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тӀамана кийча волу ялх эзар бархӀ бӀе стаг (6800); 25ШимӀин тӀаьхьенах доьналла долуш волу ворхӀ эзар цхьа бӀе тӀемало (7100); 26Левихойн тӀаьхьенах – виъ эзар ялх бӀе стаг (4600); 27АхӀаронан тукхаман баьчча волу ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнца волу кхо эзар ворхӀ бӀе стаг а (3700);28Майра къонах волу тӀемало ЦӀадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;
29Бен-Яманан тӀаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хӀетталц Шаулан цӀенна тешаме биснера); 30Эпрайман тӀаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цӀе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархӀ бӀе стаг (20800); 31Маннашан ахтайпанах берхӀитта эзар (18000) стаг (уьш хӀорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дӀа а бахана, иза паччахь дӀахӀоттавайтархьама); 32Иссарханан тӀаьхьенах волу ши бӀе баьчча а, царна муьтӀахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара); 33Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тӀамана кийча волу а, Даудана гӀо дарна тӀехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000); 34Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхӀитта эзар тӀемало а (37000); 35Данан тайпанах тӀамана кийча волу ткъе бархӀ эзар ялх бӀе стаг (28600); 36Ашаран тӀаьхьенах тӀамана кийча волу шовзткъа эзар тӀемало (40000); 37Йордан-хина дехьа агӀор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бӀе ткъа эзар стаг (120000). 38ТӀамана кечвина волу массо а тӀемало доггах веара Хьеврон-гӀала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь дӀахӀотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дӀахӀотторна тӀехь. 39Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хӀунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна. 40Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тӀехь, эмкалш тӀехь, бӀарзанаш тӀехь, стерчаш тӀехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагӀар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хӀунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.
Copyright information for
CheCAC2012