1 Chronicles 16
1Делан тӀорказ, схьа а деана, Дауда цунна кечдинчу четар чохь охьадиллира. ТӀаккха Далла хьалха дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. 2Ша дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш даьхна ваьллачул тӀаьхьа, Дауда Везачу Элан цӀарах халкъ декъалдира. 3Массо а исраилхочунна, божаршна санна, зударшна а, цо цхьацца бепиг а, Ӏаьвдинчу хурманийн цхьацца курс а, Ӏаьвдинчу кишмашийн цхьацца курс а кховдийра. 4ТӀаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тӀорказна хьалха гӀуллакх дан дӀахӀиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доӀанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. 5Царах коьртаниг Асайп вара, шолгӀаниг вара Закри-ЯхӀу, цул тӀаьхьа бара ЯӀиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхӀу, Элиаб, БенъяхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дӀахӀиттийра. Асайп дӀахӀоттийнера цӀастанан жима негӀарш вовшехдетта. 6Динан дай болу БенъяхӀу а, Яхьазиал а дӀахӀиттийнера Делаца бинчу бертан тӀорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. 7Цу дийнахь Дауда дуьххьара делира Асайпан а, цуьнан гергарчеран а кара Везачу Элана баркаллин дешнаш алар.Даудан баркаллин назма
(Забур 104:1-15; 95:1-13; 105:1, 47, 48)
8Баркалла ала Везачу Элана!Цуьнан цӀарна хастамаш бе!
Довзийта халкъашна Цуьнан гӀуллакхаш.
9Иллеш ала Цунна, пондарш лакха Цунна.
Дерриг а Цуьнан тамашийначу гӀуллакхех лаций дӀадийца.
10Дозалла де Цуьнан езачу цӀарах!
Веза Эла лоьхучийн дегнаш самукъадолуш хуьлийла!
11Веза Эла а, Цуьнан ницкъ а лаха,
гуттар Цунна уллохь хила гӀерта.
12Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гӀуллакхаш а,
Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а,
13ва Цуьнан ялхо хиллачу ИбрахӀиман хӀух дерш,
Цо хаьржина хиллачу Якъубан тӀаьхьенах дерш!
14Веза Эла волу Иза вайн Дела ву.
Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю.
15Цо даим дагахь латтор бу Шен барт,
эзаран барамехь йолчу тӀаьхьенашна Ша делла дош,
16ИбрахӀимца Ша бина болу барт,
Исхьакхана, чӀагӀо а еш, Ша дина ваӀда.
17 aЦо Якъубана иза чӀагӀдира парз санна,
Исраилана ▼
▼Исраил – и ву Якъуб.
– гуттаренна а болу барт санна.18Цо аьллера: «Хьуна лур ду Аса канаӀанхойн латта,
и дакъа хьуна шерет санна кхочур ду».
19Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла,
кӀезиг а болуш, уьш махкахь тӀебаьхкина Ӏаш хилла.
20Уьш дӀаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу,
цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу.
21 cДала цхьанна а бакъо ца лора уьш бацо,
церан дуьхьа Цо паччахьашка дӀахьедар дора:
22«Ас къобалбинчарах дӀа ма хьакхалолаш,
Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
23Лакха эшарш Везачу Элана массо а дуьнено.
Де дийне мел дели Цуьнан кӀелхьардахар кхайкхаде.
24Къаьмнашна юкъахь Цуьнан сийлалла дӀакхайкхае,
массо а халкъашка Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дӀадийца.
25Сийлахь ву Веза Эла, Цунна хастамаш бан хьакъ а ду.
Массо а деланел а Шега болчу ларамах бузуьйтуш ву Иза.
26Кхечу къаьмнийн массо а деланаш – цӀуш бу,
ткъа Везачу Эло стигалш кхоьллина.
27Цунна гонах паччахьан сий а, исбаьхьалла а ю.
Цуьнан деза цӀа ницкъах а, хазахетарх а дуьзна ду.
28Къаьмнийн доьзалш, Везачу Элана хастамаш бейша!
Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша!
29Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша!
СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта чу дуьйлийша!
Цо Шен возалла гойтучу хенахь Везачу Элана суждане гӀойша.
30Дерриг а дуьне, дегаде Цунна хьалха!
Латта чӀогӀа лаьтташ ду, ткъа иза меттахдер а дац!
31Стигалш сакъералойша, латта даккхийде!
ДӀаала халкъашка: «Веза Эла паччахьалла деш ву!»
32ХӀордо а, цунна чохь мел долчу хӀумано а гӀовгӀа е!
Кхаш а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хила.
33Хьуьнхахь мел долу дитташ а даккхийдеш хир ду,
Везачу Элана хьалха, хӀунда аьлча Иза вогӀуш ву,
дуьненна тӀехь куьйгалла дархьама.
34 dБаркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
35Алийша: «КӀелхьардахахьа тхо, КӀелхьардохург волу тхан Дела,
схьа а гулдехьа, кӀелхьар а дахахьа тхо кхечу къаьмнашна юкъара,
тхоьга Хьан цӀе хастаяйта а,
Хьуна хастам барх тхоьга дозалла дайта а.
36Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла,
азалехь дуьйна абаденналц!»
Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!»
Ярушалаймехь а, ГавӀон-гӀалахь а Далла лерина дина гӀуллакх
37Асайп а, цуьнан гергарнаш а Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха дӀахӀиттийна битира Дауда, цаьрга массо а хенахь, хӀора а дийнан эшаре хьаьжжина, гӀуллакх дайтархьама. 38Цаьрца цхьаьна цо витира Ӏабади-Эдом а, цуьнан гергарчарах волу кхузткъе ворхӀ стаг а. Ткъа Ядутунан кӀант Ӏабади-Эдом а, иштта Хьоса а кевнехь гӀарол дийраш бара. 39Ткъа динан да волу ЦӀадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавӀонан гу тӀехь долчу Везачу Элан цӀа чохь. 40Уьш хӀиттийнера, цаьрга дагоран сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь массо а хенахь, Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагӀанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дӀабеллачу товрат-хьехам тӀехь яздинчу массо а хӀумане хьаьжжина. 41Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХӀайман, Ядутун, кхиболу, хӀораннан а цӀе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хӀунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. 42ХӀайман а, Ядутун а хӀоттийнера турбанашца а, цӀастанан негӀаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гӀирсашца а мукъам балорна тӀехь. Ткъа Ядутунан кӀентий кевнехь дӀахӀиттийна бара. 43 eДерриге а халкъ шен-шен цӀа дирзира. Дауд а юхавирзира, шен цӀа декъалдархьама.
Copyright information for
CheCAC2012