1 Chronicles 2
ЯхӀудан тӀаьхье
1Исраилан кӀентий бара: Раабан, ШимӀа, Леви, ЯхӀуд, Иссархан, Забул, 2Дан, Юсуп, Бен-Яман, Наптал, Гада, Ашар. 3ЯхӀудан кӀентий бара: Ӏаьр, Онан, Шейла. Цунна и кхо кӀант вина хилла канаӀанхо йолчу ШуӀин йоӀа. ЯхӀудан дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаьр Делан бӀаьргашна хьалха вон вара, цундела иза Дала валийтира. 4ЯхӀудан несо Тамарас ЯхӀудана ши кӀант винера: Парас, Зерахь. Верриг а пхи кӀант вара ЯхӀудан. 5Парасан кӀентий бара: Хьацрани, Хьамал. 6Зерахьан кӀентий бара: Зимари, Этан, ХӀайман, Калкал, ДарӀа. Уьш верриг пхи кӀант вара. 7 aДалла лерина йохо дӀакъастийна хӀуманаш схьа а эцна, Исраилан халкъана бала тӀебаийтина волу Ахари ▼▼Ахари – и цӀе «бала» бохург ду. ЮшаӀан тептар тӀехь иза Ӏахан цӀе тиллина ду.
хилла Кармин кӀант. 8Этанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. Дауд-паччахьан схьавалар
9Хьацранина бина кӀентий бара: Ярахьмиал, Рам, Килаб. 10Рамин хилира кӀант Ӏамминадаб. Ӏамминадабан хилира кӀант Нахьшон, ЯхӀудан тайпанан баьчча хилла волу. 11Нахьшонан хилира кӀант Салма. Салмин хилира кӀант БоӀаз. 12БоӀазан кӀант хилира Ӏабади. Ӏабадин кӀант хилира Юшай. 13Юшайн хилира кӀентий: дуьххьарлерниг Элиаб, шолгӀаниг Абинадаб, кхозлагӀниг ШимӀа, 14воьалгӀаниг Натунаил, пхоьалгӀаниг Радай, 15йолхалгӀаниг Оцам, ворхӀалгӀаниг Дауд. 16Церан йижарий бара: Царуят, АбигӀал. Царуятан кхо кӀант хилира: Абушай, Йоаб, ӀасахӀал. 17АбигӀала вира кӀант Ӏамасаъ. Ӏамасаан да вара исмаьӀалхо волу ИтӀар.Хьацранин тӀаьхье
18Хьацранин кӀентан Килабан зудчо Ӏазубата йира йоӀ Яриат. Цо бина кӀентий бара: Ешар, Шубаб, Ардун. 19Ӏазубат елча, Килаба шена Эпрати ялийра. Цо вира кӀант Хьор. 20Хьоран кӀант хилира Ури. Урин кӀант хилира Бацалиал. 21ТӀаккха Хьацранис, шен кхузткъа шо долуш, ГалӀадан да волчу Макиран йоӀ ялийра шена. Цо Хьацранина вира кӀант Чагуб. 22Чагубан кӀант хилира Яир. ГалӀад-махкахь ткъе кхоъ гӀала яра цуьнан долахь. 23Амма гешурхоша а, арамхоша а Яиран махкара эвлаш а, Кхинат-гӀала а, цуьнца йоьзна хилла йолу кхузткъа юрт а цаьргара схьаяьккхира. Цигахь Ӏаш болу берриш а ГалӀадан дех Макирах схьабевллера. 24Килаб-Эпратин махкахь Хьацрани веллачул тӀаьхьа Хьацранин зудчо Аби-ЯхӀус вира кӀант Ашихьур. Цо ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийра.Ярахьмиалан тӀаьхье
25Хьацранин дуьххьарлера доьзалхо волчу Ярахьмиалан кӀентий бара: хьалхарниг Рам, цул тӀаьхьа Буна, Оран, Оцам, АхьъяхӀу. 26Ярахьмиалан кхин а зуда яра. Цуьнан цӀе Ӏатрат яра. Иза Онаман нана яра. 27Ярахьмиалан дуьххьарлера доьзалхо волчу Рамин кӀентий бара: МаӀац, Ямин, Ӏекхар. 28Онаман кӀентий бара: Шамай, ЯдаӀ. Шамайн кӀентий бара: Надаб, Абишур. 29Абишуран зудчун цӀе яра Абу-ХӀаил. Цо Абишурана бина кӀентий бара: Ахьбан, Мовлид. 30Надабан кӀентий бара: Селад, Апайм. Селад, цхьа а бер доцуш, велла. 31Апайман кӀант хилира Ишхьи. Ишхьин кӀант хилира Шишан. Шишанан – Ахьлай. 32Шамайн вешин ЯдаӀан кӀентий бара: ИтӀар, ЯхӀуната. ИтӀар, цхьа а бер доцуш, велла. 33ЯхӀунатин кӀентий бара: ПелатӀа, Заза. Иштта яра Ярахьмиалан тӀаьхье. 34Шишанан, йоӀарий бен, кӀентий ца хилира. Цуьнан, ЯрхьаӀ цӀе а йолуш, мисархо волу лай вара. 35Шишана шен йоӀ оцу ЯрхьаӀе маре яхийтира, ткъа цо вира кӀант Атай. 36Атайн хилира кӀант Ната, ткъа Натин хилира кӀант Забад. 37Забадан хилира кӀант: Эплал. Эплалан хилира кӀант Ӏабади. 38Ӏабадин хилира кӀант ЯхӀу, ткъа ЯхӀун хилира кӀант Ӏазар-ЯхӀу. 39Ӏазар-ЯхӀун хилира кӀант Хьелац. Хьелацан хилира кӀант ЭлиӀаса. 40ЭлиӀасан хилира кӀант Сисмай. Сисмайн хилира кӀант Шалум. 41Шалуман хилира кӀант Якхам-ЯхӀу. Якхам-ЯхӀун хилира кӀант Эли-ШамаӀ.Килабан тӀаьхье
42Ярахьмиалан вешин Килабан масех кӀант хилира. Цуьнан дуьххьарлера доьзалхо хилира МешаӀ. Иза Зипан да хилира. Килабан кхин а цхьа кӀант Мареша хилира, иза Хьевронан да хилира. 43Хьевронан хӀара кӀентий хилира: Кхорахь а, Тапухьа а, Рекхам а, ШемаӀ а. 44ШемаӀан хилира кӀант Рахьам, иза ЙоркхиӀаман да хилира. Ткъа Рекхаман хилира кӀант Шамай. 45Шамайн хилира кӀант МаӀун, ткъа МаӀун Байт-Цуран да хилла. 46Килабан гӀарбаш-зудчун цӀе Ӏейпа яра. Иза ХӀаранан а, Муцин а, Газизан а нана яра. Ткъа ХӀаранан хилира кӀант Газиз. 47ЯхӀдайн кӀентий бара: РегӀам, Йовтам, Гишан, Пелат, Ӏейпа, ШаӀапа. 48Килабан кхин гӀарбаш-зуда а яра. Цуьнан цӀе МаӀха яра. МаӀха яра Шебаран а, Тирхьанан а нана. 49Иштта ШаӀапан а, Шивин а нана а яра иза. ШаӀапа Мадманан да вара. Шива вара Махбенан а, ГибаӀан а да. Килабан йоӀ Ӏахисат яра. 50Килабан тӀаьхьенан цӀераш хӀорш яра: Хьор вара Эпратин дуьххьарлера кӀант. Хьоран кӀентий хилира: Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийна волу Шубали, 51Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа. 52Кхиръят-ЯӀарим-гӀала дӀахӀоттийначу Шубалих схьабевлира хӀаруахой а, манухьутхойн ахтукхам а. 53Кхиръят-ЯӀаримера тукхамаш хӀорш дара: итархой, путахой, шуматхой, мишраӀхой. Царах схьабевлира цорӀахой а, эштаулхой а. 54Салмин тӀаьхьенах схьабевлира: байтлахамхой, натӀупатхой, Ӏатрут-Байт-Йоабан бахархой, манахьтихойн ахтукхам, цорӀахой, 55иштта ЯӀабац-гӀалахь бехаш болу тептарш яздеш болчийн тукхамаш: тирӀатхой, шимӀатхой, сухахой. И тептарш яздинарш хилла Хьаматан тӀаьхьенах болу кхенахой. Хьамат вара рахбихойн тукхаман да.
Copyright information for
CheCAC2012