‏ 1 Chronicles 22

1ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».

Делан цӀа дӀахӀотторна кечам бар

2Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда. 3Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира. 4Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. 5Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда.

6Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла. 7 aДауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна. 8Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе. 9Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим
Сулим – Ӏебархойн маттахь иза «синтем» бохург ду.
хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.
10Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“.

11Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо. 12Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. 13 cНагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. 14Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе. 15 16Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а – церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».

17Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар. 18Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира. 19Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».
Copyright information for CheCAC2012