‏ 1 Chronicles 25

Делан цӀийнан илланчаш

1Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цӀастанан негӀаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гӀуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХӀайманан а, Ядутунан а тӀаьхьенах берш. Шайн-шайн гӀуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дӀакъастийначу нехан цӀераш хӀорш ю:

2Асайпан кӀентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхӀу, Асар-Эла. Асайпан кӀенташа цуьнан куьйгаллехь гӀуллакх дора, ткъа Асайпа – паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.

3Ядутунан кӀентех вара: Гадал-ЯхӀу, Зари, ЯшаӀ-ЯхӀу, ШамаӀи, Хьашби-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу. Уьш ялх кӀант вара. Царна тӀехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.

4ХӀайманан кӀентех вара: Букъи-ЯхӀу, Матан-ЯхӀу, Ӏузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхӀу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Ӏезар, Йошбикхаша, Малути, ХӀутир, Махьзиут. 5Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХӀайманан кӀентий бара уьш берриш а. Вейтта кӀант а, кхо йоӀ а еллера Дала ХӀайманна. 6Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цӀийнан кертахь цӀастанан негӀаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гӀуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХӀайман а паччахьан куьйгаллехь вара.

7Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Ӏемина а, говза волу а ши бӀе везткъе бархӀ стаг вара уьш верриг а (288).

8Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гӀуллакх дан деза рагӀ билгалйоккхуш.

9Хьалхара кхаж Асайпан тӀаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгӀаниг – Гадал-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а, кӀентийн а белира. Уьш шийтта вара. 10КхоалгӀаниг – Закхуран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 11БоьалгӀа кхаж – Изрин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 12ПхоьалгӀа кхаж – Натан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 13ЙолхалгӀа кхаж – Букъи-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 14ВорхӀалгӀаниг – Ясар-Элан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 15БорхӀалгӀаниг – ЯшаӀ-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 16УьссалгӀаниг – Матан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 17УьтталгӀаниг – ШамаӀин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 18ЦхьайтталгӀаниг – Ӏазариалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 19ШуьйтталгӀаниг – Хьашби-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 20КхойтталгӀаниг – Шубиалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 21БейтталгӀаниг – Маттит-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 22ПхуьйтталгӀаниг – Ериматин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 23ЯлхитталгӀаниг – Хьанан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 24ВуьрхӀитталгӀаниг – Йошбикхашан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 25БерхӀитталгӀаниг – Хьананин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 26ТкъайоьсналгӀаниг – Малутин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 27ТкъолгӀаниг – Эли-Атин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 28Ткъе цхьалгӀаниг ХӀутиран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 29Ткъе шолгӀаниг – Гидалтин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 30Ткъе кхоалгӀаниг – Махьзиутан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара. 31Ткъе боьалгӀаниг – Румамти-Ӏезаран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
Copyright information for CheCAC2012