‏ 1 Chronicles 27

Эскаран дакъошна чохь долу низам

1Доьзалийн баьччанаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогӀучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цӀераш иштта яра. Шеран хӀора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гӀуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хӀуманаш кхочуш а деш. ХӀора тобанна чувогӀура ткъе виъ эзар стаг.

2Дуьххьарлерчу баттахь хьалхарчу тобанна тӀехь куьйгалла дора Забдиалан кӀанта ЯшбаӀама. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара. 3ЯшбаӀам Парасан тӀаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тӀехь коьртаниг.

4ШолгӀачу баттахь гӀуллакх деш йолчу тобанна тӀехь куьйгалла дора ахьохьахо волчу Додис. Микхлута цунна гӀо дора. Додин тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

5КхоалгӀачу баттахь эскаран кхоалгӀа хьаькам вара динан да волчу ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара, ткъа иза коьртаниг вара. 6Иза вара майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъара схьакъастийна волу, царна тӀехь дӀахӀоттийна хьаькам. БенъяхӀун тобанна тӀехь куьйгалла дора цуьнан кӀанта Ӏами-Завада.

7БоьалгӀачу баттахь – воьалгӀаниг вара Йоабан кӀант Ӏасаал. Цуьнан кӀанта Забди-ЯхӀус цул тӀаьхьа куьйгалла дира. ӀасахӀалан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

8ПхоьалгӀачу баттахь – пхоьалгӀаниг вара израхьахо волу хьаькам ШамхӀути. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

9ЙолхалгӀачу баттахь – йолхалгӀаниг вара такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

10ВорхӀалгӀачу баттахь – ворхӀалгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пеланхо Хьелац. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

11БорхӀалгӀачу баттахь – борхӀалгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

12УьссалгӀачу баттахь – уьссалгӀаниг вара Бен-Яманан тӀаьхьенах волу Ӏанатотхо Абу-Ӏезар. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

13УьтталгӀачу баттахь – уьтталгӀаниг вара Зерахьан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Махьран. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

14ЦхьайтталгӀачу баттахь – цхьайтталгӀаниг вара Эпрайман тӀаьхьенах волу пӀарӀатунхо БенъяхӀу. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

15ШуьйтталгӀачу баттахь шуьйтталгӀа хьаькам вара Ӏотниалан тӀаьхьенах волу натӀупатхо Хьелдай. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.

Исраилхойн тайпанийн хьаькамаш

16Исраилхойн тайпанашна тӀехь болу хьаькамаш хӀорш бара: Раабанан тайпанан коьрта хьаькам вара Зикрин кӀант ЭлиӀазар;
ШимӀин коьрта хьаькам вара МаӀхин кӀант Шапат-ЯхӀу;
17Левин тайпанан – Къамуалан кӀант Хьашби-ЯхӀу;
АхӀаронан тайпанан коьрта хьаькам вара ЦӀадукъа;
18ЯхӀудан тайпанан – Даудан вежарех волу ЭлихӀу;
Иссарханан тайпанан – Микаалан кӀант Ӏумари вара;
19Забулан тайпанан – Ӏабди-ЯхӀун кӀант ИшмаӀ-ЯхӀу;
Напталан тайпанан – Ӏазриалан кӀант Еримати вара;
20Эпрайман тайпанан коьрта хьаькам Азаз-ЯхӀун кӀант ХӀушаӀ вара;
Маннашан ахтайпанан – Пади-ЯхӀун кӀант Юал;
21ГалӀад-махкахь долчу Маннашан ахтайпанан – Закри-ЯхӀун кӀант Ида вара;
Бен-Яманан тайпанан – Абунаран кӀант ЯӀсаал;
22Данан тайпанан – Ярохьаман кӀант Ӏазариал.

Уьш исраилхойн тайпанийн баьччанаш бара.

23 aТкъа шо а, ткъа шарал лахара а хан ерш Дауда дӀа ца язбира, хӀунда аьлча Везачу Эло Ша, стигалара седарчий санна, Исраилан халкъ алсамдоккхур ду аьлла, ваӀда динера. 24 bЦаруятан кӀанта Йоаба долийра халкъ дагардан, амма цо иза чекх ца даьккхира. И гӀуллакх дарна Дела оьгӀазваханера Исраилан халкъана, цундела цӀерийн терахь Дауд-паччахьан паччахьаллин гӀуллакхийн тептаран юкъа ца дахара.

Паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалла дийраш

25Паччахьан чӀоьнан цӀеношна тӀехь а урхалла дора Ӏадиалан кӀанта Ӏазмавата.

Ткъа кхашна тӀехь а, гӀаланашкахь а, ярташкахь а, бӀаьвнашкахь а тӀаьхьалонна дӀадиллинчу сурсаташна тӀехь а урхалла дора Ӏузи-ЯхӀун кӀанта ЯхӀунатас.

26Латта лелош болчу аренийн белхалошна тӀехь урхалла дора Халубан кӀанта Ӏезрайс.

27Кемсийн бошмашна тӀехь урхалла дора Рама-гӀаларчу ШамаӀис.

ЧагӀаран чӀоьнашкахь дӀадехкинчу сурсаташна тӀехь урхалла дора шипамхочо Завадис.

28Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тӀехь урхалла дора гадирахо волчу БаӀал-Хьанана.

ТӀаьхьалонна дӀадиллина зайт-даьттан сурсатна тӀехь урхалла дора ЮӀаша.

29Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс.

ТогӀешна чохь дажош долчу хьайбанашна тӀехь урхалла дора Ӏадлайн кӀанта Шаптис.

30Эмкалшна тӀехь урхалла дора исмаьӀалхо волчу Овбила.

Варрашна тӀехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхӀус.

31Жашна тӀехь урхалла дора хӀагирхо волчу Язиза.

И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тӀехь урхалхой бара.

Даудан хьехамчаш

32Даудан гергара волу ЯхӀуната хьехамча вара. Иза, хьекъал а долуш, йоза хууш стаг вара. Ткъа Хьахманин кӀант Яхьиал паччахьан кӀентийн хьехархо вара. 33Ахьи-Тупал а вара паччахьан хьехамча. Ӏаьркхихо волу Хьушай паччахьан къастийна хьехамча вара. 34Ахьи-Тупалал тӀаьхьа паччахьан хьехамчаш бара БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Абу-ЯтӀари а. Ткъа Йоаб паччахьан эскаран хьаькам вара.
Copyright information for CheCAC2012