‏ 1 Chronicles 29

Делан цӀенна елла хазна

1 aТӀаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кӀант Сулим. Иза къона а, гӀорасиза а ву, ткъа хӀара гӀуллакх сийлахь-деза ду. ХӀунда аьлча хӀара гӀишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю. 2Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цӀенна дашо хӀуманаш яйта деши а, дато хӀуманаш ян дети а, цӀестан хӀуманаш ян цӀаста а, эчиган хӀуманаш ян эчиг а, дечиган хӀуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тӀулгаш а, юкъадохку деза тӀулгаш а, бес-бесара хаза тӀулгаш а, массо тайпа деза тӀулгаш а, алссам шагатӀулг а. 3Сайн долахь йолу кхин а цхьа хазна а ю сан, шена чохь деши а, дети а долуш. Иза а Делан цӀийне болчу сайн безамна Делан цӀенна дӀало аса, айса оцу дезачу цӀенна кечдина долчул а сов. 4Апар-махкара деана долу ши эзар пунт цӀена деши а, ейтта эзар пунт цӀена дети а делла аса Делан цӀийнан чуьра пенашна тӀе диллийта. 5Оцу деших а, детих а дакъа делла ас говза куьйгаш долчу адамашка массо а тайпана дашо а, дато а хӀуманаш яйта. Кхин цхьанна а лаьий те тахана Везачу Элана сагӀа дан?»

6ТӀаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тӀеман коьртачу хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагӀа деара. 7Цара а делира Делан цӀа дӀахӀотторна итт эзар пунт дашо ахча а, итт эзар дарик олу дашо ахча а, ткъа эзар пунт дети а, иштта цӀестан ахча а – ткъе ялхитта эзар пунт, ши бӀе эзар пунт эчиг а. 8ТӀаккха наха шайгахь нисделла деза тӀулгаш а делира Везачу Элан цӀийнан хазни чу дахкийтархьама. Уьш гӀиршанхо волчу Яхьиалан кара дӀаделира цара. 9Массо а тайпана сагӀина хӀума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагӀа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чӀогӀа хазахетта вара Дауд-паччахь а.

Дауд-паччахьан хаза доӀа

10ТӀаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела. 11 bХьоьца ду, Веза Эла, возалла а, нуьцкъалалла а, сийлалла а, толам а, инзаре хазалла а. Стигалшкахь а, лаьттахь а мел дерг Хьан ду. Хьан ду, Веза Эла, паччахьалла а. Хьо ву массо а хӀуманан Коьртаниг. 12Хьоьгара ду хьал а, сийлалла а, Ахьа до олалла массо а хӀуманна тӀехь. Хьан карахь ду нуьцкъалалла а, чӀагӀо а. Хьан олаллехь ду милла а вазвар а, чӀагӀвар а. 13ХӀинца оха, тхан Дела, хастаме дешнаш олу Хьуна, Хьан сийлахь-еза цӀе а хастайо оха.

14Ткъа тхо муьлш ду: я со а, я сан халкъ а, иштта Хьуна сагӀа дан таро хилла долу? Иза-м ша дерриге а Хьоьгара ма ду. Хьан карара тхаьш схьаэцнарг Хьуна дӀа а делла оха. 15ХӀунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДӀадолуш долу ӀиндагӀ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тӀаьхьало йолуш хӀумма а дац кхузахь. 16Тхан Веза Дела! ХӀара Хьуна дийр долчу цӀенна, Хьан сийлахь-езачу цӀарна, оха кеч мел дина хӀума Хьан карара ду, дерриге а Хьан ду. 17Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цӀена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цӀеначу даггара сагӀина деана. Ткъа хӀинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагӀа дар го суна. 18Веза Эла, тхан дай болчу ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела! ХӀара Хьан халкъан дӀанисъелла йолу деган ойланаш а, хӀара дика а Ӏалашдехьа гуттаренна а. Хьайгахьа дерзадехьа хӀокху халкъан дегнаш. 19Ткъа сан кӀантана Сулимна а лохьа Ахьа цӀена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дӀадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гӀирсах ян еза гӀишло ян а».

20ТӀаккха Дауд-паччахьо гулбеллачаьрга элира: «ХӀинца декъалве аша вайн Веза Дела!» ТӀаккха оцу гулбеллачу массара а декъалвира шайн Веза Дела, цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, охьатаьӀира уьш Везачу Элана а, паччахьна а.

Сулимах паччахь хуьлу

21Ткъа шолгӀачу дийнахь халкъо Везачу Элана сагӀина деана дийнаташ дайира. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш а дохура. Цу сагӀина юкъа деара: эзар эса а, эзар уьстагӀ а, эзар Ӏахар а, чагӀаран сагӀанаш а. Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъо сагӀина еана кхин дуккха а хӀума яра. 22ТӀаккха Везачу Элана хьалха чӀогӀа хазахетарца юуш, молуш дара халкъ.

Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьан кӀант Сулим шозлагӀа а паччахь хӀотторна къобалвира. Иштта, Везачу Элана хьалха Сулим къобалвира паччахьалла дарна, ткъа ЦӀадукъа динан да хилийта къобалвира.
23Иштта, Везачу Элана хьалха, шен ден Дауд-паччахьан метта, паччахь хилла, охьахиира Сулим. Сулим-паччахь декъал хилира, Исраил-мехкан дерриге а халкъ цунна муьтӀахь дара. c 24Массо хьаькамаш а, тӀемалой а, Дауд-паччахьан берриге кӀентий а Сулим-паччахьан куьйга кӀел бахара. 25Иштта, Исраил-мехкан дерриге а халкъана хьалха Везачу Эло Сулим вазвира. Паччахьан хуьлу сийлалла делира цунна Везачу Эло, Исраил-мехкан цхьанна а паччахьан ца хиллачу тайпана.

Дауд-паччахьан дӀакхалхар

26Юшайн кӀанта, Дауд-паччахьо, олалла дина берриге а Исраил-махкана тӀехь. 27 dДауд-паччахьо Исраил-махкахь олалла дина хан шовзткъа шо яра. Хьевронехь – ворхӀ шарахь, ткъа Ярушалаймехь ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира Дауда. 28ТӀаккха шортта хиллачу хьолах, сийлаллех вуьзна, дикка дуьне диъна, хан яьлла стаг волуш дӀакхелхира Дауд-паччахь. Цуьнан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Сулим. 29Дауд-паччахьан юьхьанца дуьйна тӀаьххьалц а хиллачу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Делера долу хиндерг гуш хиллачу Шамъалан йозанаш тӀехь а, Ната-пайхамаран а, Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаран а йозанаш тӀехь а. 30Иштта, Дауда динчу паччахьаллех а, цуьнан доьналлех а, цуьнан шен а, Исраил-мехкан хиллачу гӀуллакхех а, гонах хиллачу кхечу пачхьалкхех а лаьцна хӀуманаш яздина ду оцу йозанийн тептарш тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012