1 Chronicles 3
Дауд-паччахьан кӀентий
1Хьеврон-гӀалахь Даудана динчу берийн цӀераш хӀорш ю: Даудан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара.ШолгӀа кӀант Даниал кармалхо йолчу АбигӀала вина вара.
2КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара.
ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара.
3Даудан пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара.
ЙолхалгӀа кӀант ИтраӀам ӀагӀлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра.
4 aДаудан и ялхе а кӀант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира. 5 bДаудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хӀорш ду: Ӏамиалан йоӀа Бат-ШабаӀа диъ бер дира: ШимӀа, Шубаб, Ната, Сулим. 6Кхин а исс кӀант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Пулат, 7НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ, 8Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат. 9Уьш берриш а Даудан кӀентий бара. ГӀарбаш-зударша бина кхин а кӀентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.
Сулим-паччахьан тӀаьхье
10Сулиман кӀант хилира РахьбуӀам. РахьбуӀаман кӀант хилира Аби-ЯхӀу. Цуьнан кӀант хилира Аса. Ткъа Асин кӀант ЯхӀушапти. 11ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш. 12Юашан кӀант хилира Амци-ЯхӀу. Ӏазар-ЯхӀу Амци-ЯхӀун кӀант хилира. Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилира Йовтам. 13Йовтаман кӀант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхӀу хилира Ахьазан кӀант. Хьузакх-ЯхӀун кӀант Маннаш хилира. 14Маннашан кӀант Амин хилира. Аминан кӀант Юши-ЯхӀу хилира. 15Юши-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант – Йохьан, шолгӀаниг – ЯхӀу-Якхам, кхозлагӀниг – ЦӀадукъ-ЯхӀу, ткъа воьалгӀаниг – Шалум. 16ЯхӀу-Якхаман кӀентий бара: ЯхӀу-Яхин, ЦӀадукъ-ЯхӀу.ЯхӀу-Яхин-паччахьан тӀаьхье
17Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал, 18Малкирам, Пади-ЯхӀу, Шаниацар, Якхам-ЯхӀу, ХӀушмаӀ, Надиб-ЯхӀу. 19Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла. 20Зурбабелан кхин а пхи кӀант хилира. Церан цӀераш яра: Хьашба, ОхӀал, Берех-ЯхӀу, Хьасди-ЯхӀу, Юшаб-Хьесад. 21Хьанан-ЯхӀун кӀентий бара: Палти-ЯхӀу, ЯшаӀ-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀу вара ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант. Рапи-ЯхӀун кӀант вара Арнан. Арнанан кӀант вара Ӏабди-ЯхӀу. Шахан-ЯхӀу Ӏабди-ЯхӀун кӀант вара. 22Шахан-ЯхӀун кӀант вара ШамӀа-ЯхӀу. Ткъа ШамӀа-ЯхӀун кӀентий бара: Хьатуш, ИгӀал, Баръяхьи, НаӀар-ЯхӀу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кӀентий а, кӀентан кӀентий а бара. 23НаӀар-ЯхӀун хилира кӀентий: ЭлъюӀинай, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазрикхам. Уьш верриг а кхо кӀант хилла. 24ЭлъюӀинайн кӀентий хилира: ХӀудав-ЯхӀу, Элишуб, Пали-ЯхӀу, Ӏакхуби, Йохьан, Дали-ЯхӀу, Ӏанани. Уьш верриг а ворхӀ кӀант вара.
Copyright information for
CheCAC2012