‏ 1 Chronicles 4

ЯхӀудан тӀаьхье

1ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали. 2Шубалин кӀант хилира Раи-ЯхӀу. Иза Яхьатан да хилира. Яхьатан кӀентий хилира: Ахьумай а, ЛахӀда а. Ахьумайн а, ЛахӀдин а тӀаьхьенех цорӀахойн тукхамаш схьадевлира.

3 4Эпратин дуьххьарлера доьзалхо волчу а, Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волчу а Хьоран кӀентий хӀорш бара: ӀайтӀам, Пенуал, Ӏезар. ӀайтӀаман кӀентий хӀорш бара: ИзраӀал, Ишма, Идбаш. Церан йишин цӀе ХӀацилалпуни яра. Пенуал Гадур-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ӏезар Хьушат-гӀала дӀахӀоттийнарг вара.

5Ашихьур ТакхоӀ-гӀала дӀахӀоттийнарг вара. Ашихьуран ши зуда хилла: Хьалиа, НаӀран. 6НаӀрана бина кӀентий хӀорш бара: Ахьузам, Хьепар, Тимани, Ахьаштарай. Уьш НаӀранан кӀентий бара. 7Хьалиан хӀара кӀентий хилира: Царати, ЦӀохьар, Этнани, 8Къоца.

Къоцин хилира кӀентий: Ӏануб, Цубиба. Къоцин тӀаьхьенах схьадевлира ХӀаруман кӀант волчу Ахьархьилан тукхамаш.

9Ткъа ЯӀабац шен вежарел лоруш стаг вара. Цуьнан нанас: «Аса чӀогӀачу лазаршца дуьнен чу ваьккхина хӀара», – аьлла, ЯӀабац
ЯӀабац – и цӀе Ӏебархойн маттахь «лазар» олучу дашах тера ду.
цӀе тиллина хилла цунна.
10ЯӀабаца, исраилхойн Деле доӀа а деш, дийхира: «Ахьа со декъал а вахьара, сан латта шор а дахьара, со зуламех лар а веш, Хьо суна уллохь а хилахьара, со лазарш доцуш хилийтархьама!» – аьлла. ТӀаккха цо деххнарг делира цунна Дала.

11Ткъа Халуб Шухьин ваша вара. Халубан кӀант вара Махьир. Ткъа Махьир Эштунан да вара. 12Эштунан кӀентий бара: Байт-Рапа, Писухьа, Тахьина. Тахьинас Нахьаш-гӀала дӀахӀоттийра. Уьш Реха-гӀалин бахархой бара.

13Кхеназан кӀентий хӀорш бара: Ӏотниал, Сари-ЯхӀу. Ӏотниалан кӀентий хӀорш бара: Хьатати, МаӀунутай
Цхьадолчу ширачу гочдарш тӀехь: МаӀунутай. Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.
.
14МаӀунутай Ӏапрун да вара.

Сари-ЯхӀу Йоабан да вара. Йоаб Пхьерийн тогӀи дӀахӀоттийнарг вара. Шаьш пхьераш болу дела тиллина хиллера цара и цӀе.

15Епунин кӀант волчу Килабан кӀентий хӀорш бара: Ӏиру, Эли, НаӀам. Элан кӀант вара Кхеназ.

16ЯхӀалал-Элан кӀентий хӀорш бара: Зип, Зипа, Тиръя, Асариал.

17 18Ӏезаран кӀентий хилла: ИтӀар, Мерад, Ӏайпар, Ялун. Ткъа Мерада пирӀунан йоӀ йолу Бит-ЯхӀу шена ялийра. Цо Мерадана дина бераш хӀорш дара: Марем, Шамай, Ишбахь. Ишбахьа ЭштамуӀа-гӀала дӀахӀоттийра. ЯхӀудхо йолчу Мерадан зудчо дина бераш хӀорш дара: Ярад, Хьебар, Якхутиал. Ярада Гадур-гӀала дӀахӀоттийра, Хьебара – Соха-гӀала, Якхутиала – Занухь-гӀала.

19Нахьаман йиша йолчу ХӀуди-ЯхӀун зудчун кӀентий хӀорш бара: гармихо волчу КъаӀилан да а, маӀхахо волу ЭштамуӀ а.

20ШимӀунан хӀара кӀентий хилира: Амнан, Рина, Бен-Хьанани, Тилун.

Ишхьин хӀара кӀентий хилира: Зухьати, Бен-Зухьати.

Шейлин тӀаьхье

21ЯхӀудан кӀант волчу Шейлин кӀентий хӀорш бара: Лека-гӀала дӀахӀоттийна волу Ӏаьр, Мареша-гӀала дӀахӀоттийна волу ЛаӀда, Байт-АшбаӀ-гӀалара ветанан кӀади деш хилла долу тукхамаш, 22иштта цуьнан тӀаьхьенах бара хӀорш: Йокхам а, Хузба-гӀалара бахархой а, кхин а Юаш а, Сарап а. Цушиммо Муаби-махкахь а, Яшуби-Лехьамахь а олалла дора. (Царах лаьцна яздина хилларг ширачу тептарш тӀера ду.) 23Шейлин кӀенташа кхийра пхьегӀаш йора. Уьш НатиӀам-гӀалахь а, Гадира-гӀалахь а Ӏаш бара, паччахьна гӀуллакх а деш.

ШимӀин тӀаьхье

24ШимӀин хӀара кӀентий хилира: Намуал, Ямин, Ярби, Зерахь, Шаул. 25Шаулан хилира кӀант Шалум. Шалуман хилира кӀант Мибасам. Мибасаман хилира кӀант МишмаӀ. 26МишмаӀан тӀаьхье иштта яра: цуьнан хилира кӀант Хьамуал. Закхур хилира Хьамуалан кӀант. Закхуран кӀант хилира ШамаӀи. 27ШамаӀин ялхитта кӀант а, ялх йоӀ а хилира. Ткъа ШамаӀин вежарийн бераш дукха ца хилира. ЯхӀудан тайпа санна доккха ца хилла ШамаӀин тӀаьхьенан долу дерриг а тукхам.

28 cУьш бехаш бара Беар-ШабаӀ а, Мулада а, Хьацар-ШуӀал а гӀаланашкахь. 29Иштта Балхьат а, Ӏацам а, Тулад а, 30Бетаал а, Хьорма а, ЦакхелагӀ а, 31Байт-Маркабут а, Хьацар-Сусам а, Байт-Бари а, ШаӀрайм а гӀаланашкахь а бехира уьш. И гӀаланаш церан долахь хилла Дауда паччахьалла даллалц. 32Церан пхи гӀала хилла шайн ярташца: ӀайтӀам, Ӏейн, Римун, Тухан, Ӏашун. 33Иштта оцу гӀаланашна гонах хилла йолу ярташ а БаӀалт-гӀалина тӀекхаччалц церан долахь яра. Иштта яра уьш баха охьахевшина меттигаш а, церан схьабовлар а цу тайпана дара.

34Машубаб, Ямлекха, Амци-ЯхӀун кӀант Юша, 35Юал, Ӏасиалан кӀентан Сари-ЯхӀун кӀант Йошби-ЯхӀун кӀант ЯхӀу, 36ЭлъюӀинай, ЯӀакхуба, Яшухь-ЯхӀу, Ӏаси-ЯхӀу, Ӏадиал, Яшмиал, БенъяхӀу, 37ШамӀа-ЯхӀун кӀентан Шимрин кӀант волчу а, Яди-ЯхӀун кӀентан Ӏалунан кӀант волчу ШипаӀан кӀант волу Зиза а – 38уьш шайн тукхамийн баьччанаш бара.

Церан тӀаьхье чӀогӀа дебнера.
39Шайн хьайбанашна дежийла лоьхуш, Гадур-махкана а, цунна малхбалехьа йолчу тогӀина а тӀекхаччалц дӀабаханера уьш. 40Шаьш баханчохь царна токх йолу а, дика а дежийла карийна. Иштта боккха а, тийна а, шайна кхерам боцу а мохк карийна хилла царна. Уьш цига кхачале, цигахь кӀеззиг болу хьамахой бен бехаш ца хиллера.

41ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун заманахь, и цӀераш хилларш, схьа а баьхкина, хьамахойн четаршна а, цигахь бехаш болчу маӀунхошна а тӀелеттера. Цара уьш берриш а хӀаллакбина. Таханлерчу денна тӀекхаччалц а иза иштта ду. Церан метта уьш цигахь баха охьахевшина, хӀунда аьлча жа дажо меттигаш хилла царна цигахь. 42Ткъа царна юкъара ШимӀин тӀаьхьенах хилла волу пхи бӀе стаг СеӀир-лаьмнашка ваханера. Церан коьртехь хилла Палти-ЯхӀу, НаӀар-ЯхӀу, Рапи-ЯхӀу, Ӏузиал. Уьш Ишхьин тӀаьхьенах хилла. 43Цигахь дийна бисина болу Ӏамалекхахой байа а байина, баха охьахевшина уьш. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Copyright information for CheCAC2012