‏ 1 Chronicles 5

Раабанан тӀаьхье

1 aИсраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара. (Иза дуьххьарлера доьзалхо вара, амма цо шен да дӀавуьжу мотт сийсазбаьккхина дела, дуьххьарлера доьзалхочун бакъонаш Исраилан кӀант волчу Юсупан кӀенташна дӀаеллера. Иза бахьанехь Раабанан цӀе дуьххьарлерчу доьзалхочун санна дӀаязйина яц. 2 bЯхӀуд шен вежарел нуьцкъала хиллехь а, цуьнан тайпанара халкъан куьйгалхо схьаваьллехь а, дуьххьарлерчу доьзалхочун бакъонаш Юсупан долахь хиллера.) 3Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан кӀентий хӀорш бара: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма.

4Юалан тӀаьхье иштта яра: Юалан кӀант хилира ШамӀа-ЯхӀу, ШамӀа-ЯхӀун кӀант хилира ГӀогӀ, ГӀогӀан кӀант – ШамаӀи, 5ШамаӀин кӀант – Мика, Микин кӀант – Раи-ЯхӀу, Раи-ЯхӀун кӀант – БаӀал, 6 cБаӀалан кӀант – Баира. Иза вара Ашурхойн паччахь волчу ТилгӀат-Пилнасара
ТилгӀат-Пилнасар – иза ТигӀлат-Палиасаран кхин цӀе ю.
йийсаре вигнарг. Баира раабанхойн баьчча вара.

7Ткъа Баиран вежарий, церан тукхамашка а, церан схьабовларе а хьаьжжина, иштта дӀаязбина бу: коьртаниг ЯӀиал хилла, ткъа цул тӀаьхьа Закри-ЯхӀу а, 8БулаӀ а. БулаӀ вара Юалан кӀант волчу ШемаӀан кӀентан Азазан кӀант. Раабанхой бехаш бара ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Набу а, БаӀал-МаӀун а гӀаланашна тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь. 9Малхбалехь, Эпрат-хина тӀекхаччалц йолчу яьссачу аренан йисте кхочучу меттигашкахь, баха охьахевшира уьш, хӀунда аьлча ГалӀад-махкахь церан даьхни чӀогӀа дебнера.

10Шаула паччахьалла дечу заманахь раабанхой хӀагирхошца тӀом беш бара. ХӀагирхой эша а бина, ГалӀад-мехкан малхбалехьарчу ерриге а меттигашкахь церан четарш чохь баха охьахевшинера уьш.

Гадин тӀаьхье

11Ткъа Гадин тӀаьхье ехаш яра раабанхошна къилбаседехьа агӀор йолчу Салха-гӀалина тӀекхаччалц болчу Башан-махкахь. 12Башан-махкахь коьртаниг Юал вара, шолгӀаниг – Шапами, царал тӀаьхьа ЯӀнай а, Шапти а. 13Церан доьзалшка хьаьжжина, хӀара бархӀ вара церан гергара: Микаал, Машулим, ШебаӀ, Юрай, ЯӀакхан, ЗиӀа, Ӏебар. 14Уьш Абу-Хьаилан тӀаьхьенах берш бара. Ткъа Абу-Хьаил вара Хьурин кӀант, Хьури вара Ярухьин кӀант, Ярухь вара ГалӀадан кӀант, ГалӀад вара Микаалан кӀант, Микаал вара Яшишайн кӀант, Яшишай вара ЯхӀдун кӀант, ЯхӀду вара Бузин кӀант. 15Гунин кӀентан Ӏабдиалан кӀант Ахьи церан доьзалан коьртаниг вара. 16Уьш бара ГалӀадехь а, Башанехь а цуьнца йоьзна йолчу гӀаланашкахь а, иштта Шарон-аре чекхъяллалц йолчу массо а дежийлаш йолчохь а бехаш. 17(Оцу тӀаьхьенах болчу массеран а цӀераш дӀаязйина хилла яхӀудхойн паччахь Йовтам а, исраилхойн паччахь ЯрбаӀам хиллачу заманахь.)

Малхбалехьарчу тайпанийн эскарш

18Раабанан а, Гадин а тайпанна а, Маннашан ахтайпанна а юкъахь вара доьналла а долуш, карахь турссий, туррий а лелош, секхаӀад кхосса а хууш, лата Ӏамийна а, тӀом бан кийча волу а шовзткъе виъ эзар ворхӀ бӀе кхузткъа эскархо. 19Цара хӀагирхошца а, Етарца а, Напушица а, Нудабца а тӀом бира. 20Цара мостагӀашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гӀо дира. ХӀагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хӀума а оцу тӀемалойн кара дахийтира, хӀунда аьлча шаьш тӀом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тӀемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дӀахезнера. 21Оцу тӀемалоша церан даьхни шайна дӀаийцира. Цу юкъахь яра шовзткъе итт эзар эмкал а, ши бӀе шовзткъе итт эзар уьстагӀ а, газа а, ши эзар вир а, цхьа бӀе эзар адам а. 22И тӀом Делера болу дела, дукха адам хӀаллакьхиллера. Ткъа и тӀемалой шайн халкъаца исраилхой йийсаре дӀабиггалц бехаш Ӏийра цу махкахь, хӀаллакбинчеран метта.

Малхбалехьа ехаш хилла йолу Маннашан ахтайпанан тӀаьхье

23Маннашан ахтайпанан тӀаьхье ехаш яра Башан-махкара дуьйна БаӀал-Хьермонна а, Санирна а, Хьермон-лаьмнашна а тӀекхаччалц болчу махкахь. Уьш чӀогӀа дукха бара. 24Церан доьзалийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏайпар, Ишхьи, Элиал, Ӏазриал, Ярми-ЯхӀу, ХӀудав-ЯхӀу, ЯхӀдиал. Уьш бара майра тӀемалой, цӀеяхна нах, шайн доьзалийн баьччанаш.

Малхбалехьара тайпанаш йийсаре дигар

25Амма, шайн дайн Далла тешаме а ца хуьлуш, Дала шайна уллора оцу махкана чуьра дӀалелхийна долчу къаьмнийн деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, оцу къаьмнех терра сийсаза лелара уьш. 26 eТӀаккха Исраилан Дала, ашурхойн паччахьан ПӀулин (иза ТигӀлат-Палиасар ву) са карзах а даьккхина, раабанхой а, гадахой а, Маннашан ахтайпанан тӀаьхье а йийсаре дӀайигийтира. Уьш Хьалахь-гӀала а, Хьабур а, ХӀари а цӀераш йолчу меттигашка а, Газун-гӀалин хин йисте а дӀабигира. Таханлерчу денна тӀекхаччалц уьш цигахь бехаш бу.
Copyright information for CheCAC2012