a Арадаккхар 6:16-19.

‏ 1 Chronicles 6

Левин тӀаьхье

1Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 2КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.

3Ӏамраман бераш хӀорш дара: АхӀарон, Муса, Марем.

АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.

4ЭлиӀазаран хилира кӀант Пайнехьас. АбишуӀ Пайнехьасан кӀант вара. 5АбишуӀан кӀант вара Букхай. Букхайн кӀант вара Ӏузи. 6Ӏузин кӀант вара Зарахь-ЯхӀу. Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. 7Маръютин вара кӀант Амар-ЯхӀу. Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби. 8Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац. 9АхьимаӀацан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу, ткъа Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Йохьан. 10Йохьанан кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дӀахӀоттийначу Делан цӀа чохь динан да. 11Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Амар-ЯхӀу, ткъа Амар-ЯхӀун кӀант вара Ахьтуби. 12Ахьтубин кӀант вара ЦӀадукъа, ткъа ЦӀадукъин кӀант вара Шалум. 13Шалуман кӀант вара Хьалкхи-ЯхӀу, ткъа Хьалкхи-ЯхӀун кӀант вара Ӏазар-ЯхӀу. 14Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара Сари-ЯхӀу, ткъа Сари-ЯхӀун кӀант вара ЯхӀу-ЦӀадакъа. 15Везачу Эло Набухди-Нецаран куьйгахула ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а бахархой йийсаре дӀабигийтинчу хенахь, ЯхӀу-ЦӀадакъа цаьрца цхьаьна йийсаре вахара.

Левин кхийолу тӀаьхье

16 aИштта Левин кӀентий хӀорш бара: ГӀиршан, КхахӀат, Мерари. 17ХӀорш ю ГӀиршанан кӀентийн цӀераш: Ливани, ШамаӀи. 18КхахӀатан кӀентий хӀорш бара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал. 19Мерарин кӀентий хӀорш бара: Махьли, Мушхьи.

Левин тӀаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хӀорш ду:
20ГӀиршанан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кӀант. 21Замин кӀант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кӀант вара Ида. Зерахь Ӏидун кӀант вара. Зерахьан кӀант вара Яатрай.

22КхахӀатан тӀаьхье иштта яра: Ӏамминадаб цуьнан кӀант вара. Кхорахь Ӏамминадабан кӀант вара. Асар Кхорахьан кӀант вара. 23Асаран кӀант вара Элкхан. Элкханан кӀант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кӀант вара Асар. 24Асаран кӀант вара Тахьат. Тахьатан кӀант вара Уриал. Ӏузи-ЯхӀу Уриалан кӀант вара. Ӏузи-ЯхӀун кӀант Шаул хилла.

25Элкханан кӀентий бара Ӏамсай а, Ахьимут а. 26Ахьимутан кӀант вара Элкхана. Элкханан кӀант вара Цупай. Цупайн кӀант вара Нахьати. 27Нахьатин кӀант вара Элиаб. Элиабан кӀант вара Ярохьам. Ярохьаман кӀант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кӀант вара Шамъал.

28Шамъалан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлерниг – Юал, шолгӀаниг – Аби-ЯхӀу.

29Мерарин тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Махьли. Махьлин кӀант вара Ливани. Ливанин кӀант вара ШамаӀи. ШамаӀин кӀант вара Ӏуза. 30Ӏузин кӀант вара ШимӀа. ШимӀин кӀант вара Хьаги-ЯхӀу. Хьаги-ЯхӀун кӀант вара Ӏаси-ЯхӀу.

Везачу Элан цӀийнан зурманчаш

31Делан тӀорказ дӀахӀоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цӀийнан кертахь Дауда илланчашна тӀехь хьаькамаш хӀиттийнера. 32Ярушалаймехь Сулима Везачу Элан цӀа дӀахӀоттадаллалц, Делан гуламан четарна хьалха илланчаш санна гӀуллакх деш бара уьш. Шайна тӀедехкинчу парзашка хьаьжжина, шайн белхаш кхочушбора цара. 33Цигахь шайн тӀаьхьенашца гӀуллакх динарш хӀорш бара:

кхахӀатхойн тӀаьхьенах зурманча вара ХӀайман. Иза Юалан кӀант вара, ткъа Шамъалан кӀант вара Юал.
34Элкханан кӀант вара Шамъал. Ярохьаман кӀант вара Элкхан. Элиалан кӀант вара Ярохьам. Товхьин кӀант вара Элиал. 35Цупин кӀант вара Товхьа. Элкханан кӀант вара Цупа. Махьатан кӀант вара Элкхан. Ӏамсайн кӀант вара Махьат. 36Элкханан кӀант вара Ӏамсай. Юалан кӀант вара Элкхан. Юал Ӏазар-ЯхӀун кӀант вара. Ӏазар-ЯхӀу вара Цапни-ЯхӀун кӀант. 37Цапни-ЯхӀу Тахьатан кӀант вара. Тахьат Асаран кӀант вара. Асар вара Аби-Асин кӀант. Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант. 38Кхорахь Ицхьаран кӀант вара. Ицхьар вара КхахӀатан кӀант. КхахӀат Левин кӀант вара. Леви Исраилан кӀант вара.

39ХӀайманна аьтту агӀор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гӀуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхӀун кӀант. Берех-ЯхӀу ШимӀин кӀант вара. 40ШимӀа Микаалан кӀант вара. Микаал БаӀас-ЯхӀун кӀант вара. БаӀас-ЯхӀу вара Малки-ЯхӀун кӀант. 41Малки-ЯхӀу вара Этанин кӀант. Этани вара Зерахьан кӀант. Зерахь вара Ӏади-ЯхӀун кӀант. 42Ӏади-ЯхӀу вара Этанан кӀант. Этан вара Замин кӀант. Зами вара ШамаӀин кӀант. 43ШимӀа вара Яхьатан кӀант. Яхьат вара ГӀиршанан кӀант. ГӀиршан вара Левин кӀант.

44ХӀайманна аьрру агӀор а лаьтташ, зурманчин гӀуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тӀаьхьенах волчу Кхишин кӀанта Этана. Кхиши Ӏабдин кӀант вара. Ӏабди вара Малукан кӀант. 45Малук Хьашби-ЯхӀун кӀант вара. Хьашби-ЯхӀу вара Амци-ЯхӀун кӀант. Амци-ЯхӀу вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант. 46Хьалкхи-ЯхӀу вара Амцин кӀант. Амци вара Банин кӀант. Бани Шемаран кӀант вара. 47Шемар вара Махьлин кӀант. Махьли Мушхьин кӀант вара. Мушхьи Мерарин кӀант вара. Ткъа Мерари Левин кӀант вара.

48Церан вежарий болу левихой дӀахӀиттийнера Делан цӀа долчу четарца доьзна долу цхьацца гӀуллакхаш дан.

АхӀаронан тӀаьхье

49АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а дийнаташ дагоран а, хаза хьожа йоуьйту хӀуманаш ягоран а кхерчашна тӀехь сагӀа доккхурш бара. Иштта, царна тӀедехкина дара Везачу Элан цӀийнан уггар езачу чоьнна чохь бан мел безаш болу белхаш бар а, Исраилан халкъан дуьхьа къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдар а, Делан ялхо хиллачу Мусас шайна тӀедиллина ма-хиллара. 50АхӀаронан тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀант вара Пайнехьас. АбишуӀ вара Пайнехьасан кӀант. 51АбишуӀан кӀант Букхай вара. Ӏузи Букхайн кӀант вара. Зарахь-ЯхӀу Ӏузин кӀант вара. 52Зарахь-ЯхӀун кӀант вара Маръюти. Маръютин кӀант вара Амар-ЯхӀу. Ахьтуби вара Амар-ЯхӀун кӀант. 53ЦӀадукъа Ахьтубин кӀант вара. ЦӀадукъин кӀант вара АхьимаӀац.

Левихой баьхна меттигаш

54Шайн меттаметташкахь левихой Ӏаш хилла меттигаш хӀорш ю: шайна дуьххьара кхаж баьлла дела, кхахӀатхойн тукхамах схьаяьллачу АхӀаронан тӀаьхьенна 55еллера ЯхӀуд-махкара Хьеврон-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а. 56Ткъа оцу гӀалина чудогӀуш долу кхаш а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана дӀаеллера. 57Иштта, АхӀаронан тӀаьхьенна еллера: Хьеврон (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), Либна а, цунна гонах долу дежийлаш а, Итар-гӀала а, ЭштамуӀ-гӀала а, цунна гонах долу дежийлаш а, 58Хьилаз-гӀала а, Дибар-гӀала а, царна гонах долу дежийлаш а, 59Ӏашун, Байт-Шамаш гӀаланаш а, царна гонах долу дежийлаш а. 60Ткъа Бен-Яманан тайпанан махкахь кхахӀатхошна еллера: ГибаӀ-гӀала, Ӏаламат-гӀала, Ӏанатот-гӀала, царна гонах долу дежийлаш. Церан тукхамана елла хилла йолу гӀаланаш ерриг а кхойтта хилла. 61КхахӀатхойн оцу гаранах йолчу кхечу тӀаьхьенна, кхаж а баьлла, Маннашан ахтайпанан долахь хиллачу декъах итт гӀала еллера.

62ГӀиршанан тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанийн а, Башанерачу Маннашан ахтайпанан а латтанаш тӀера кхойтта гӀала еллера. 63Мерарин тӀаьхьенах долчу тукхамашна, кхаж а баьлла, Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанийн латтанаш тӀера шийтта гӀала еллера. 64Иштта гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш долу латта а деллера левихошна исраилхоша. 65Кхаж а баьлла, ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанийн латтанаш тӀера массо а цӀераш техкина йолу гӀаланаш еллера цара.

66Ткъа кхахӀатхойн тӀаьхьенах долчу цхьадолчу тукхамашна Эпрайман тайпанах болчийн гӀаланаш еллера. 67Царна еллера Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а (иза лурбоьлла нах ловчкъу гӀала яра), ГӀазар-гӀала а, церан дежийлаш а. 68Иштта ЯкхмаӀам-гӀала а, цунна гонахара дежийлаш а, Байт-Хьорон а, цунна гонахара дежийлаш а, 69Айлон а, Гати-Римун а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а. 70Маннашхойн ахтайпанан лаьттара кхахӀатхойн йисинчу тукхамашна еллера Ӏанури-гӀала а, БалиӀам-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

71ГӀиршанан тӀаьхьенна еллера: маннашхойн ахтайпанан лаьтта тӀера Башанехь йолу Голан-гӀала а, Ӏаштарат-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

72Иссарханан тайпанан лаьттара царна еллера Кхедаш а, Дубрат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 73иштта Рамат а, Ӏанейм а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

74Ашаран тайпанан лаьтта тӀера царна еллера Машал а, Ӏабдани а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а, 75иштта Хьукхакх а, Рахьуб а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

76Напталан тайпанан лаьттара царна еллера Галилай-махкара Кхедаш-гӀала а, Хьамун-гӀала а, Кхиръятим-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а.

77Левихойх йисина йолчу Мерарин тӀаьхьенна еллера Забулан тайпанан лаьтта тӀера Римун а, Табур а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

78Йордан-хина малхбузехьа лаьтташ йолчу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор малхбалехьа болчу махкара раабанхойн тайпанан лаьтта тӀера еллера яьссачу аренгара Бацар-гӀала а, ЯхӀац-гӀала а, царна гонахара дежийлаш а, 79Кхадимут а, МейпаӀат а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.

80Гадин тайпанан лаьтта тӀера еллера ГалӀад-махкара Рамат а, Махьанайм а, царна гонахара дежийлаш а, 81иштта Хьешбон а, ЯӀзир а гӀаланаш а, царна гонахара дежийлаш а.
Copyright information for CheCAC2012