1 Chronicles 7
Иссарханан тӀаьхье
1Иссарханан виъ кӀант вара: ТовлаӀ, Пува, Яшаб, Шимрон. 2ТовлаӀан кӀентий хӀорш бара: Ӏузи, Рапи-ЯхӀу, Яриал, Яхьмай, Ибсам, Шамуал. Уьш шайн доьзалийн баьччанаш бара. Шайн тӀаьхьенашна юкъахь ницкъболу тӀемалой хилла и нах. Даудан заманахь царна юкъахь тӀамана кийча волу ткъе ши эзар ялх бӀе стаг хилла (22600). 3Ӏузин кӀант вара Израхь-ЯхӀу. Ткъа Израхь-ЯхӀун кӀентий бара: Микаал, Ӏабди-ЯхӀу, Юал, Йоши-ЯхӀу. И пхиъ шайн доьзалийн баьчча вара. 4Оцу нехан дуккха а зударий а, бераш а хилла дела, церан тӀаьхьенашка а, доьзалшка а хьаьжжина, царах схьаваьллера тӀамана кийча волу ткъе ялхитта эзар стаг (36000). 5Ткъа Иссарханан массо а тӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь дӀаязвинера дика тӀемало волу везткъе ворхӀ эзар стаг (87000).Бен-Яманан тӀаьхье
6Бен-Яманан кхо кӀант вара: БулаӀ, Бахри, ЕдиӀаал. 7БулаӀан пхи кӀант вара: Эцбон, Ӏузи, Ӏузиал, Еримати, Ӏири. Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, дика тӀемалой бара. ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязвина вара ткъе ши эзар ткъе вейтта тӀемало (22034). 8Бахрин кӀентий хӀорш бара: Замари, Юаш, ЭлиӀазар, ЭлъюӀинай, Ӏумари, Еримати, Аби-ЯхӀу, Ӏанатот, Ӏаламат. Уьш берриш а Бахрин кӀентий бара. 9ТӀаьхьенийн доьзалш дӀаязбечу тептарш тӀехь царах дӀаязбина бара церан доьзалийн баьччанаш а, ткъа эзар ши бӀе тӀемало а (20200). 10ЕдиӀаалан кӀант вара БилхӀан. Цуьнан кӀентий хӀорш бара: ЕӀуш, Бен-Яман, АхӀуд, КинаӀан, Зитани, Таршаш, Ахьи-Шахьар. 11ЕдиӀаалан массо а кӀентий шайн доьзалийн баьччанаш бара. Церан тӀаьхьенашна юкъахь тӀамана кийча волу вуьрхӀитта эзар ши бӀе дика тӀемало вара (17200). 12Шупайм а, Хьупим а бара Ӏирин кӀентий. Ткъа Хьушим Ахьеран кӀант вара.Напталан тӀаьхье
13Балхьатан кӀант волчу Напталан кӀентий бара: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шалум.Маннашан тӀаьхье
14Маннашан кӀентий бара: арамхо йолчу гӀарбаш-зудчо вина волу Асриал а, иштта ГалӀадан да Макир а. 15Макира Хьупиме а, Шупайме а зударий балабайтира. Цуьнан йишин цӀе МаӀха яра. ШолгӀачу кӀентан цӀе яра Цалпихьад. Цалпихьадан йоӀарий бен ца хилла. 16Макиран зудчо МаӀхас, кӀант а вина, цуьнан цӀе Параш тиллира. Парашан ваша Шераш вара, ткъа Парашан кӀентий бара: Улам, Рекхам. 17Уламан кӀант вара Бедан. Иштта бара Маннашан кӀентан Макиран кӀант волчу ГалӀадан кӀентий. 18Цуьнан йишас Мулката а бира кӀентий: ИшхӀуд, Абу-Ӏезар, Махьила. 19ШамидаӀан кӀентий хӀорш бара: Ахьъян, Шехем, Ликхахьи, АнӀами.Эпрайман тӀаьхье
20Эпрайман тӀаьхье иштта яра: цуьнан кӀант вара Шутлахьи. Шутлахьин кӀант вара Баред. Баредан кӀант вара Тахьат. Ткъа Тахьатан кӀант вара Эли-Ӏада. Эли-Ӏадин а кӀант хилира Тахьат. 21Цу Тахьатан кӀант вара Забад. Забадан кӀант вара Шутлахьи. Эпрайман кхин а ши кӀант вара: Ӏезар, ЭлиӀад. Гати-гӀалара схьабевллачу цхьаболчу бахархоша Ӏезар а, ЭлиӀад а вийна хилла, жа схьадаккха дагахь, шаьш долчу уьш баьхкича. 22Церан дас Эпрайма, шен кӀенташна воьлхуш, гӀайгӀанехь дикка хан яьккхира. Эпрайман вежарша, цунна тӀе а богӀий, тевеш хилла иза. 23ТӀаккха, Эпрайм кхин а цкъа шен зудчух кхеттачул тӀаьхьа, зудчо цунна кӀант вира. Эпрайма цунна, БериӀ аьлла, цӀе тиллира (Ӏебархойн маттахь и цӀе «бохам» бохучух тера ю), шен цӀенна бохам тӀебеана хилла дела. 24Шаират цӀе йолуш, йоӀ а яра Эпрайман. Шаирата дӀахӀоттийра Лахара а, Лакхара а Байт-Хьорон гӀаланаш а, иштта Узан-Шаира цӀе йолу гӀала а. 25Эпрайман кӀант вара Репахь. Решап Репахьан кӀант вара. Тилхьа вара Решапан кӀант. Тилхьин кӀант вара Тахьан. 26Тахьанан кӀант вара ЛаӀдан. ЛаӀданан кӀант вара ӀамихӀуд. Эли-ШамаӀ вара ӀамихӀудан кӀант. 27ЭлишамаӀан кӀант вара Нуна. Ткъа Нунин кӀант вара ЮшаӀ. 28Уьш баьхна йолу церан долахь хилла меттигаш хӀорш яра: Бетал-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу кхин ярташ а, малхбалехьа йолу НаӀран-гӀала а, малхбузехьа йолу ГӀазар-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, иштта Шехем-гӀала а, цуьнца йоьзна йолу ярташ а, шеца йоьзначу ярташца йолчу Ӏайи-гӀалина тӀекхаччалц. 29Ткъа Маннашан тӀаьхьенах болчийн долахь яра хӀара гӀаланаш: Байт-Шеан, ТаӀнак, МагӀидда, Дор, цаьрца йоьзна йолу ярташ. Цу гӀаланашкахь ехаш яра Исраилан кӀентан Юсупан тӀаьхье.Ашаран тӀаьхье
30Ашаран кӀентий хӀорш бара: Имани, Ишва, Ишви, БериӀ. Церан йиша яра Серахь. 31БериӀан кӀентий хӀорш бара: Хьебар, Малкиал. (Малкиала дӀахӀоттийра Бирзайт-гӀала.) 32Хьебаран кӀентий хӀорш бара: Яплати, Шумар, Хьотам. Ткъа церан йиша ШуӀа яра. 33Яплатин кӀентий хӀорш бара: Пасак, БимхӀали, Ӏашвати. Уьш бара Яплатин кӀентий. 34Яплатин вешин Шумаран кӀентий хӀорш бара: РухӀаги, Хьуба, Арам. 35Яплатин вешин ХӀалиман кӀентий хӀорш бара: Цупахьи, ИмнаӀ, Шелша, Ӏамла. 36Цупахьин кӀентий хӀорш бара: Сухьа, Хьарнипар, ШуӀал, Бирай, Имари, 37Бацар, ХӀуда, Шама, Шилша, Итран, Баира. 38ИтӀаран кӀентий хӀорш бара: Епуни, Писапи, Ари. 39Ӏулин кӀентий хӀорш бара: Арахьи, Хьаниал, Рица-ЯхӀу. 40Ашаран тӀаьхьенах болу и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Уьш, коьрта хьаькамаш а болуш, исбаьхьа а, доьналла долу а тӀемалой бара. Эскархойн цӀераш дӀаязъечу тептар тӀехь оцу тӀаьхьенах тӀамана кийча дӀаязвинарг вара ткъе ялх эзар стаг (26000).
Copyright information for
CheCAC2012