1 Chronicles 9
Йийсарера юхадирзина халкъ
1Иштта массо а исраилхой шайн тукхамашца дӀаязбинера Исраилхойн паччахьийн тептар тӀе. Ткъа яхӀудхой Бавел-махка дӀабигнера, уьш Далла тешаме ца хиларна. 2 aЙийсарера юха а бирзина, шайн гӀаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болу ялхой а. 3Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхӀудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тӀаьхьенашкара цхьаболу нах. 4ЯхӀудан кӀентан Парасан тӀаьхьенах цигахь вара: Ӏутай. Иза вара ӀамихӀудан кӀант. ӀамихӀуд вара Ӏумарин кӀант. Ӏумари вара Имарин кӀант. Ткъа Имари вара Банин кӀант. 5Шилунан тӀаьхьенах цигахь хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а. 6Зерахьан тӀаьхьенах вара ЯӀуал а, цуьнан вежарий а. ЯхӀудан тӀаьхьенах верг верриг а ялх бӀе везткъе итт стаг вара (690). 7Бен-Яманан тӀаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кӀант, ткъа Машулим вара ХӀудав-ЯхӀун кӀант, ткъа иза вара ХӀасинуан кӀант), 8Ярохьаман кӀант волу Ибна-ЯхӀу, Махрин кӀентан Ӏузин кӀант волу Эла, Ибни-ЯхӀун кӀант волчу РаӀалан кӀентан Шапат-ЯхӀун кӀант Машулим. 9Церан тукхамашкахь исс бӀе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара.Ярушалаймехь баьхна болу динан дай
10Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хӀорш бара: Яди-ЯхӀу, ЯхӀу-Яриб, Якин, 11Делан цӀенна тӀехь хьаькам волу Ӏазар-ЯхӀу (иза вара Хьалкхи-ЯхӀун кӀант, Хьалкхи-ЯхӀу вара Машулиман кӀант, Машулим вара ЦӀадукъин кӀант, ЦӀадукъа вара Маръютин кӀант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кӀант), 12Ӏади-ЯхӀу (иза вара Ярохьаман кӀант, Ярохьам вара Пашихьуран кӀант, Пашихьур вара Малки-ЯхӀун кӀант), МаӀсай (иза вара Ӏадиалан кӀант, Ӏадиал вара Яхьзарин кӀант, Яхьзари вара Машулиман кӀант, Машулим вара Мишламатин кӀант, ткъа Мишламати вара Амиран кӀант). 13Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тӀедиллина дара Делан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш кхочушдар.Ярушалаймехь баьхна болу левихой
14Левихойх цигахь бехаш хӀорш бара: ШамӀа-ЯхӀу (иза вара Хьашубин кӀант, Хьашуби вара Ӏазрикхаман кӀант, Ӏазрикхам вара Хьашби-ЯхӀун кӀант, ткъа Хьашби-ЯхӀу мерарихойн тӀаьхьенах вара), 15Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхӀу (иза вара Микин кӀант, Мика вара Зикрин кӀант, Зикра вара Асайпан кӀант), 16Ӏабди-ЯхӀу (иза ШамӀа-ЯхӀун кӀант вара, ШамӀа-ЯхӀу вара Галалин кӀант, Галали вара Ядутунан кӀант), иштта Элкханан кӀентан Асин кӀант Берех-ЯхӀу а вара. Иза натӀупатхойн ярташкахь вехаш хилла.Делан цӀийнан кевнехь хилла гӀаролхой
17Делан цӀийнан кевнехь гӀаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хӀорш бара: Шалум а, Ӏакхуби а, ТӀулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.) 18Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гӀаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гӀаролхой а бара. 19Шалума (иза вара Кхурин кӀант, Кхура вара Аби-Асин кӀант, Аби-Аса вара Кхорахьан кӀант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цӀийнан неӀсагӀина уллохь гӀарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гӀарол деш ма-хиллара. 20ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас хиллера хьалха царна тӀехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца. 21Делан цӀийнан неӀарехь гӀарол деш вара Мишлам-ЯхӀун кӀант Закри-ЯхӀу. 22НеӀаршна чуволлучохь гӀарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бӀе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цӀераш дӀаязъечу тептарш тӀе дӀаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дӀахӀиттийнера уьш оцу гӀуллакхе. 23Уьш а, церан тӀаьхьенаш а Везачу Элан цӀийнан кевнехь гӀарол деш бара (хьалха Везачу Элан цӀийнан метта Делан четар дара). 24Оцу цӀийнан еа а агӀор – малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа – лаьтташ гӀаролхой бара. 25Ткъа шайн ярташкахь Ӏаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тӀе а богӀуш, цаьрца цхьаьна ворхӀ дийнахь гӀуллакх дора. 26Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цӀенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гӀарол дан дӀахӀиттийна. 27ГӀарол дар шайна тӀедиллина дела, цара, Делан цӀенна гонах дӀа а хӀуьттуш, буьйсанаш йохура. ХӀора Ӏуьйранна неӀарш дӀаелла а езара цара.Кхиболу левихой
28Левихойх цхьаберш бара динан гӀуллакх деш лелош йолчу пхьегӀашна тӀехьажа дӀахӀиттийна. И пхьегӀаш дӀалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла. 29Вукхарна тӀедиллина дара Делан цӀийнан еза хӀуманаш а, кхиболу гӀирс а, дама а, чагӀар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а Ӏалашъяр. 30Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цхьаьна эяр кхочушдора. 31Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхӀун кара деллера сагӀанашна хӀуманаш цӀера тӀехь яттар. 32КхахӀатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тӀедиллина хилла Далла леринчу хӀора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар. 33Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цӀийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Ӏийра. Уьш кхечу гӀуллакхех мукъабаьхна бара, хӀунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дӀакхехьа езара. 34Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.Шаул-паччахьан дай а, тукхамаш а
(1 Шерашкахь 8:29-38)
35Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара и гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра. 36ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа цуьнан хилла кӀентий хӀорш бара: Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб, 37Гадур, Ахьъю, Закри-ЯхӀу, Микхлут. 38Микхлутан кӀант вара Шемами. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара. 39Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал ▼▼ЭшбаӀал – цунах кхин а Иш-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.
а Шаулан кӀентий бара. 40ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал ▼▼Мариб-БаӀал – цунах кхин а Мапи-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.
. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика. 41Микин кӀентий бара: Питун, Малик, ТахьраӀ, Ахьаз. 42Ахьазан кӀант вара ЯӀари. ЯӀарин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца. 43Муцин кӀант вара БинӀа. БинӀин кӀант вара Рапи-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀун кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара. 44Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш Ацалин кӀентий бара.
Copyright information for
CheCAC2012