‏ 1 Chronicles 10

Шаул-паччахьан дӀакхалхар

(Шамъал 31:1-13)

1ПӀелаштамхой Исраилан халкъана дуьхьал тӀом беш бара. ТӀаккха и тӀом бечу хенахь исраилхой пӀелаштамхойх бевдира. Дукха исраилхой хӀаллакьхилира цу тӀамехь. Иза дара ГилбаӀ олучу лам тӀехь. 2ТӀаккха пӀелаштамхой Шаул-паччахьна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьабевлира. Цу тӀамехь цара вийра Шаулан кӀентех кхо кӀант: ЯхӀуната, Абинадаб, МалкишаӀ. 3Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. СекхаӀад кхоссархоша, Шаул волчу агӀор пхерчий а кхиссина, къиза чевнаш йира цунна. 4ТӀаккха шен герз лелош волчуьнга Шаула элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, иза суна а Ӏоттий, вехьа со, оцу сунтбаза болчу пӀелаштамхошка со сийсазвоккхуьйтучул». Амма герзлелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира иза дан. ТӀаккха, шен тур схьа а даьккхина, цу туьрана тӀе вогӀавелира Шаул. 5Ткъа герзлелориг, Шаул-паччахь велла хилар шена гича, ша а, шен туьра тӀе а вогӀавелла, велира. 6Иштта велира Шаул-паччахь. Цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан цӀийнах мел верг а цуьнца цхьаьна велира. 7ТӀаккха, Шаул-паччахь а, цуьнан кӀентий а беллий а хиъна, иштта берриг тӀемалой дӀабовдуш а гина, тогӀи чохь болу исраилхой, шайн ярташ а йитина, дӀасабевдира. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташка а баьхкина, баха охьахевшира.

8ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой беллачарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха бахара. ГилбаӀ-лам тӀе баьхкинчу царна Шаул-паччахьан а, цуьнан кӀентийн а декъий карийра Ӏохкуш. 9ПӀелаштамхоша Шаулан докъана тӀера ерриг а хӀума схьаяьккхира. ТӀаккха докъана тӀера корта а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, шайн мохк мел бу шайн цӀушна а, халкъана а хьалха шаьш динчух лаьцна дӀасадаржадайтира цара. 10Цул тӀаьхьа пӀелаштамхоша Шаулан герз шайн цӀуш лаьттачу цӀенна чу диллира, ткъа цуьнан корта шайн дела ву бохучу ДагӀонан цӀийнан чохь ирхъоьллира.

11ГалӀад-махкара Явеш олучу гӀалара массо адамна хезира пӀелаштамхоша Шаулна динчух лаьцна. 12ТӀаккха цигахь бехаш болчу майрачу наха Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий, дӀа а эцна, ГалӀадера Явеш-гӀала деара. Цигахь оцу майрачу наха, и декъий ножан дитта кӀел дӀа а доьхкина, ворхӀ дийнахь марханаш кхебира.

13 aИштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтӀахь ца хиларна, хӀаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул. 14Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тӀехь деш долу олалла Юшайн кӀентан Даудан кара дӀаделира Цо.
Copyright information for CheCAC2012