1 Chronicles 11
Дауд паччахь хилла дӀахӀоттар
(Дауд 5:1-10)
1ТӀаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гӀала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегӀ а, цӀий а ду. 2ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“». 3ТӀаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дӀакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.Дауда Ярушалайм дӀалоцу
4 aШеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гӀала олура. Ткъа цигахь Ӏаш болчу нахах явсайхой олура. 5ТӀаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гӀали чу вогӀур вац хьо». Амма Дауда дӀалецира церан Цийон-гӀалин гӀап. Оцу меттигах цул тӀаьхьа Даудан гӀала элира. 6Дауда аьллера: «Уггар хьалха тӀе а летта, явсайхой хӀаллакбиннарг тӀемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТӀаккха Царуятан кӀант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тӀелетира. Иштта цунах хилира берриг а тӀемалойн коьрта хьаькам. 7Дауд цу чӀагӀйинчу гӀали чохь ваха охьахиира, цундела цу гӀаланах «Даудан гӀала» элира. 8Цу гӀалина гонах гобаьккхина гӀишлош дӀахӀиттийра Дауда. Уьш дӀахӀиттийнера Милло олучу гу тӀера дуьйна, гӀалина гонах долчу пенашна тӀе кхаччалц. Ткъа гӀалара важа йолу гӀишлош Йоаба тӀейинера. 9Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.Даудан уггар майра тӀемалой
(Дауд 23:8-39)
10Иштта Даудан тӀемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тӀехь долу паччахьалла чӀагӀдеш бара уьш. 11ТӀамехь тӀемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цӀераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кӀант ЯшбаӀам. ЯшбаӀама цхьана тӀеман къовсамехь кхо бӀе стаг вийнера шен гоьмукъца. 12Цул тӀаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара. 13ЭлиӀазар вара цкъа Даудаца пӀелаштамхой тӀом бан тӀегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пӀелаштамхойх кхера а белла, дӀабевддера. 14ЭлиӀазара, шен тӀемалошца дӀа а хӀоьттина, и аре ларъеш, тӀом бира. Цара толам баьккхира пӀелаштамхошна тӀехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кӀелхьардовлар делира исраилхошна. 15Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тӀе а ваьлла, Ӏадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пӀелаштамхой репахойн тогӀи олучу меттигехь бара. 16Цу хенахь Дауд шен чӀагӀонан меттигехь вара, ткъа пӀелаштамхошна ха деш болу тӀемалой Байтлахам-гӀалахь бара. 17Дауд чӀогӀа хьогах вара. ТӀаккха цо элира: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!» 18ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 19ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий мер дара ткъа аса?» ХӀунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хӀума динера оцу майрачу кхаа тӀемалочо. 20Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тӀемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бӀе мостагӀа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара. 21Оцу кхаанна юкъахь гӀараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тӀемалочуьнга ца кхочура Абушай. 22ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу шен майраллица а, ша дечу гӀуллакхашца а чӀогӀа гӀараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхӀус Муаби-махкара гӀараваьлла волу ши баьчча ▼▼ГӀараваьлла ши баьчча – я иштта: Ариалан ши кӀант.
вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера. 23Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегӀ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхӀус кхин а. КӀади деш йолчу чорхан гӀуркх санна, чӀогӀа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхӀус, карахь гӀаж а йолуш, мисархочунна тӀе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза. 24Иштта гӀуллакхаш динера ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. И важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вара БенъяхӀу а. 25Иза а оцу майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъахь гӀараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогӀура БенъяхӀу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийнера БенъяхӀу. 26Ткъа коьрта волу ткъе итт тӀемало хӀара вара: Йоабан ваша ӀасахӀал,Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,
27ХӀарар-гӀалара Шамати,
пеланхо волу Хьелац,
28такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,
Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,
29хьушатхо волу Субахи,
ахьохьахо Ӏилай,
30натӀупатхо Махьран,
натӀупатхо волу БаӀнин кӀант Хьалид,
31Ребин кӀант Ита, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара волу,
пӀарӀатунхо волу БенъяхӀу,
32ГаӀаш-тогӀенашкара Хьурай,
Ӏарбатера Абуал,
33бахьрумхо Ӏазмават,
шаӀалбанхо Элияхьба,
34гизанхо волчу ХӀашеман кӀентий,
ШагӀин кӀант ЯхӀуната, хӀарархо волу,
35хӀарархо волчу Сакаран кӀант Ахьиам,
Урин кӀант ЭлипӀал,
36Махерат-гӀалара Хьепар,
пеланхо АхьъяхӀу,
37кармалхо волу Хьецари,
Эзбайн кӀант НаӀрай,
38Натин ваша Юал,
ХӀагиран кӀант Мибхьар,
39Ӏамминхо Цалакх,
баировтхо Нахьрай, Царуятан кӀентан Йоабан герз лелош верг,
40итархо волу Ӏира,
итархо ГӀараб,
41хьетахо УръяхӀу,
Ахьлайн кӀант Забад,
42ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тӀемалойн
коьртехь волу а Шизин кӀант Ӏадна.
Цуьнан а вара кхин ткъе итт тӀемало.
43Кхин а МаӀхин кӀант Хьанан,
матнахо волу Яшпати,
44Ӏаштаратхо волу Ӏуззи,
ӀаруӀерхо волчу Хьотаман кӀентий: ШамаӀ, ЯӀиал,
45Шимрин кӀант ЕдиӀаал,
тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа,
46Махьвим-гӀалара Элиал,
ЭлнаӀаман кӀентий Ярибай, Юшав-ЯхӀу,
иштта муабахо волу Итма,
47мецабайхой болу Элиал, Ӏабади, ЯӀсаал.
Copyright information for
CheCAC2012