bАрадаккхар 25:22.

‏ 1 Chronicles 13

Бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀаримера дӀадахьар

(Дауд 6:1-11)

1Массо а баьччанех – эзарна тӀехь болчу хьаькамех а, бӀенна тӀехь болчу хьаькамех а – дагавелира Дауд. 2Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гӀаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тӀе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла. 3Вай вешан Делан тӀорказ схьадахьар ду, хӀунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура». 4Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХӀунда аьлча массо а халкъана и гӀуллакх нийса хийтира.

5 aИштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама. 6 bДауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.) 7Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара. 8Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, негӀарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.

9Уьш Кидунан хьаьтта дӀакхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела. 10Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Везачу Эло Ӏуза вийра, цо, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира. 11ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина тохар» бохург ду).

12Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дӀахьур ду аса Делан тӀорказ?» 13Иштта, и тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира. 14 cКхаа баттахь лаьттира Делан тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀахь. Ӏабади-Эдоман цӀа а, цуьнан мел йолу хӀума а Везачу Эло декъалйира.
Copyright information for CheCAC2012