bАрадаккхар 25:22.

‏ 1 Chronicles 13:5-7

5 aИштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама. 6 bДауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.) 7Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара.
Copyright information for CheCAC2012