1 Chronicles 14
Дауда Ярушалаймехь дина гӀуллакхаш
(Дауд 5:11-16)
1Цора-гӀалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тӀе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тӀулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цӀа дайтархьама. 2ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а. 3Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан. 4Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, 5Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Палати 6НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ, 7Эли-ШамаӀ, БаӀал-ЯдаӀ ▼▼БаӀал-ЯдаӀ – иза ЭлидаӀан кхин цӀе ю. Хьажал 3:8.
, Эли-Пулат. ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхар
(Дауд 5:17-25)
8ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира. 9Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира. 10ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», – аьлла. 11Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 12ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира. 13Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира. 14Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 15Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 16Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира. 17Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012