bАрадаккхар 25:14.
1 Chronicles 15
Бертан тӀорказ схьаэцарна бина кечам
1«Даудан гӀалахь» шена цӀенош дайтира Дауда. ТӀаккха цо, Делан тӀорказ дӀахӀотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дӀахӀоттийра. 2 aЦул тӀаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тӀорказ, хӀунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тӀорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гӀуллакх дайта а». 3Везачу Элан тӀорказ ша кечйинчу метте дӀадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда. 4АхӀаронан тӀаьхье а, левихой а шена тӀекхайкхира цо. Уьш хӀорш бара: 5кхахӀатхойн тӀаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъа стаг а (120); 6мерарихойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе ткъа стаг а (220); 7гӀиршанхойн тӀаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъе итт стаг а (130); 8эли-цапанхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу ШамӀа-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе стаг а (200); 9хьевронхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80); 10Ӏузиалхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏамминадаб а, цуьнца царах цхьа бӀе шийтта стаг а (112). 11Иштта Дауда шена тӀе кхайкхира динан дай ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а, ткъа левихойх – Уриал, Ӏаси-ЯхӀу, Юал, ШамӀа-ЯхӀу, Элиал, Ӏамминадаб. 12Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цӀан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьа а да. Аса дӀахӀотто кечйинчу метте дӀахӀоттаде иза. 13Левихой долчу аша дуьххьара Делан тӀорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чӀогӀа оьгӀазвахара. И гӀуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах». 14ТӀаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цӀанбелира. 15 bВезачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, левихоша Делан тӀорказ шайн белшашна тӀедехкинчу хьокхашца дӀадаьхьира. 16Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дӀахӀиттабе аьлла, мукъам балочу гӀирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негӀаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама. 17Левихоша дӀахӀоттийра Юалан кӀант ХӀайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхӀун кӀант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах – Кхуша-ЯхӀун кӀант волу Этан дӀахӀоттийра. 18Иштта церан кхиболу гергарнаш а дӀахӀиттийра: Закри-ЯхӀу, Бени, ЯӀзиал, Шамирамути, Яхьиал, Ӏуни, Элиаб, БенъяхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу, Эли-ПалехӀу, Макхни-ЯхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш кевнехь гӀаролхой бара. 19ХӀаймана а, Асайпа а, Этана а цӀестан негӀаршца чӀоггӀа мукъам бало дезара. 20Ткъа Закри-ЯхӀус, Ӏазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Ӏунис, Элиаба, МаӀсей-ЯхӀус, БенъяхӀус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара. 21Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхӀус, Эли-ПалехӀус, Макхни-ЯхӀус, Ӏабади-Эдома, ЯӀиала, Азаз-ЯхӀус. 22ТӀаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхӀу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. 23Берех-ЯхӀу а, Элкхан а бара бертан тӀорказ дӀахӀоттийначу цӀа чохь неӀарехь гӀарол деш. 24Динан дайша Шабан-ЯхӀус, Яшпатис, Натунаила, Ӏамсайс, Закри-ЯхӀус, БенъяхӀус, ЭлиӀазара Делан тӀорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Ӏабади-Эдом а, Яхьи-ЯхӀу а тӀорказ долчохь гӀарол деш вара.Бертан тӀорказ Ярушалайме дӀадахьар
(Дауд 6:12-22)
25Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа. 26Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира. 27Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин ве̄танан ийпад а яра. 28Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.29
Copyright information for
CheCAC2012