1 Chronicles 15:25-29
Бертан тӀорказ Ярушалайме дӀадахьар
(Дауд 6:12-22)
25Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа. 26Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира. 27Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин ве̄танан ийпад а яра. 28Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.29
Copyright information for
CheCAC2012