‏ 1 Chronicles 17

Дауд а, Ната-пайхамар а

(Дауд 7:1-17)

1Шен цӀеношкахь ша вехаш Ӏачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цӀа чохь Ӏаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».

2Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хӀунда аьлча Дела хьоьца ву».

3Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира: 4«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац, 5хӀунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц цӀа чохь Ӏар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со. 6Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’ – аьлла.

7Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 8Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 9Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугӀур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна, 10мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла. 11Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса меттахӀоттор ду хьан хӀу, хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду Аса. 12Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чӀагӀбийр бу. 13 aСо цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а. 14Сайн халкъана тӀехь а, Сайн пачхьалкхана тӀехь а абаденналц дӀахӀоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдина хир ду’“».

15Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.

Дауда дина баркаллин доӀа

(Дауд 7:18-29)

16ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 17Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела! 18Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай! 19Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хӀуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дӀа а довзуьйтуш. 20Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 21Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дӀалохкура Ахьа. 22Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дӀахӀоьттира.

23Ткъа хӀинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чӀагӀдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа, 24иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 25Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дӀадилли, Айхьа суна цӀа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хӀара доӀа дан. 26Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахьа! 27Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».
Copyright information for CheCAC2012