‏ 1 Chronicles 20:1-3

Дауда Рабба-гӀала схьайоккху

(Дауд 12:27-31)

1 aЦхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра. 2Дауда церан паччахьан коьртара
Церан паччахьан коьртара – я иштта: МилкӀом-цӀун коьртара.
деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.
3Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
Copyright information for CheCAC2012