‏ 1 Chronicles 21

Халкъан дагардар

(Дауд 24:1-25)

1 Иблис Исраилан халкъана дуьхьалделира. Цо Даудана исраилхой багарбан дагадаийтира. 2Йоабе а, эскаран хьаькамашка а Дауда элира: «Даха а гӀой, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀекхаччалц йолчу меттигашкара исраилхой, багарбай, соьга хаам бе, уьш мел бу суна хаийта».

3ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Шен халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла Везачу Эло. Сан олахо волу паччахь, и халкъ дерриг а сан олахо волчу хьан дац ткъа? Ткъа сан олахочунна хӀунда оьшу иза? ХӀунда дуьллу те ахь Исраилан халкъана тӀе и декхар?» 4Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб. Иштта Йоаб, массо а Исраил-махкахула чекх а ваьлла, Ярушалайме юхавеара. 5Нах багарбаран жамӀ Дауде дӀаделира Йоаба: берриге а Исраил-махкахь кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу цхьа миллион цхьа бӀе эзар стаг вара. Ткъа, кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу яхӀудхо виъ бӀе кхузткъе итт эзар стаг вара. 6Паччахьо тӀедиллина гӀуллакх шена ца тайна дела, левихой а, бен-яманхой а багар ца бинера Йоаба.

7И гӀуллакх Далла хьалха там боцуш хилла дела, Цо Исраилан халкъана таӀзар дира. 8Дауда Деле элира: «И гӀуллакх дар бахьана долуш, аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».

9ТӀаккха Даудах Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Эло элира: 10«Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайтархьама’“».

11Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Кхаа таӀзарх цхьаъ къастаде: 12Кхаа шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна, я кхаа баттахь, церан тур хьайна тӀе а кхочуьйтуш, хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь Везачу Элан тур шайна тӀехь хила лаьа хьуна? Оцу деношкахь махкахь Ӏожаллин ун хӀуттур ду, Везачу Элан Малико берриге а Исраил-махкахула нах хӀаллак а беш. Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?“»

13Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара Ахь тхо, Цуьнан къинхетам чӀогӀа боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».

14ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Царна юкъахь кхузткъе итт эзар стаг велира, и ун бахьана долуш. 15Дала Ярушалайме малик дахийтира, иза хӀаллакьяйтархьама. Малик шега аьлларг дан доладелча, хуьлуш болу бохам а гина, дохковаьллачу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Цу хенахь Везачу Элан малик явсайхо волчу Аравнин
Кхийолчу аяташкахь (Дауд 24:16) санна: Аравна. Ӏебархойн тептар тӀехь: Орнан.
хьаьттарна юххехь дара.

16Шен бӀаьргаш хьалахьажийча, Даудана гира лаьттана а, стигална а юкъахь Ярушалаймана тӀехула баттара даьккхина тур карахь долу Везачу Элан малик. ТӀаккха Дауд а, къаной а, тӀехь сингаттаман духар а долуш, шайн яххьаш тӀе лаьтта охьаийгира. 17Дауда Деле элира: «Халкъ дагардайтинарг со вацара ткъа? Аса латийна и къа, Аса дина и зулам. Ткъа хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Ва сан Веза Дела, Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла, амма Хьан халкъана тӀехь и ун ма дуьсийла!»

18Везачу Элан малико Гаде элира, Дауде дӀаалийтархьама: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттарехь». 19Везачу Эло Гадехула шега аьлларг Дауда кхочушдира. 20Ша кӀа оруш волчу хенахь, Аравнина юхахьаьжча, малик гира. Цуьнан виъ кӀант цу маликах дӀахьулвелира. 21Юха Дауд и волчу веара. ДӀахьаьжча, Дауд а гина, хьаьттара схьа а ваьлла, Аравна цунна хьалха лаьтта кхаччалц суждана вахара. 22Дауда Аравнига элира: «Суна хьайн хьаьтт лохьа, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кхузахь соьга кечъяйтархьама, халкъана тӀедаийтина ун сацадайтархьама. Цуьнан билггал шен болчу мехах йохкахьа иза суна».

23Аравнис Дауде жоп делира: «ДӀаэца хьайна хьаьтт, сан олахо волчу паччахьо шена луъург дойла цунах. Аса хӀара стерчий а дӀало дийнаташ дагоран сагӀина, мекха а дӀало ас дечиган метта, кӀа а дӀало кӀен сагӀина. И дерриг а аса маьхза дӀало хьуна».

24Ткъа Дауд-паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа, и хьаьтт, шен билггал болчу мехах эца лаьа суна хьоьгара. ХӀунда аьлча хьан долахь йолу хӀума Везачу Элана сайгара сагӀина лур яц аса. Маьхза еллачу хӀуманах дагоран сагӀа а доккхур дац аса». 25Дауда ялх бӀе шекхал деши делира Аравнина цу меттигах. 26Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. ТӀаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагӀа доккхучу меттигна тӀе стигалара цӀе а йоссош.

27ТӀаккха Везачу Эло малике, шен тур батта дилла элира. 28Цу хенахь явсайхочун Аравнин хьаьттахь волчу Дауда, ша Везачу Элана дӀахезна хилар а гина, циггахь сагӀанаш дехира. 29Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а цу хенахь ГавӀон-ломан сагӀа доккхучу гу тӀехь лаьтташ бара. Дауд ца ваьхьира Делах дагавала цига ваха, хӀунда аьлча Везачу Элан маликан туьрах кхеравеллера иза.30

Copyright information for CheCAC2012