1 Chronicles 23
Левихошка Делан цӀа чохь гӀуллакх муха дан деза аьлла дӀахьедар
1Дауд, дикка дуьне а диъна, къанвелира. Шен кӀант Сулим, Исраил-мехкан паччахь а вина, дӀахӀотто лиира цунна. 2Исраил-мехкан массо а баьччанаш схьагулбира Дауд-паччахьо. Иштта схьагулбира цо массо а динан коьрта дай а, левихой а. 3Дауд-паччахьо гулбеллачарна юккъера берриг а ткъе итт шо я цул сов хан йолу левихой багарбайтира. Уьш верриг а ткъе берхӀитта эзар стаг вара. 4Дауд-паччахьо элира: «Царах ткъе виъ эзар левихочо Везачу Элан ЦӀенна тӀехь бечу белхийн куьйгалла дийр ду. Ткъа йозанца болу белхаш бийраш а, кхелахой а ялх эзар левихо хир ву. 5Виъ эзар левихо ха деш хир ву, ткъа важа виъ эзар левихо зурманаш лоькхучу гӀирсаш тӀехь гӀуллакх деш хир ву. И зурманаш локху гӀирс леррина Веза Эла хасто бина бу». 6И левихой кхаа тобане бийкъира Дауд-паччахьо. Уьш Левин кхаа кӀентан тӀаьхьенах бара: ГӀиршанах, КхахӀатах, Мерарих.ГӀиршанан тӀаьхье
7ГӀиршанан тӀаьхьенах царна юкъахь бара: ЛаӀдан, ШамаӀи.8ЛаӀданан кхо кӀант вара: воккхаха верг – Яхьиал, важа шиъ – Зетам а, Юал а.
9ШамаӀин кӀентий бара: Шалумати, Хьазиал, ХӀарон. И кхо кӀант ЛаӀданан тӀаьхьенан баьчча вара. 10Кхин а виъ кӀант вара ШамаӀин. Уьш бара: Яхьат, Зиза, ЕӀуш, БериӀ. 11Яхьат царах воккханиг вара, ткъа Зиза шолгӀаниг вара. Ткъа ЕӀушан а, БериӀан а бераш кӀеззиг дара, цундела уьш цхьа доьзал санна лорура.
КхахӀатан тӀаьхье
12КхахӀатан виъ кӀант вара: Ӏамрам, Ицхьар, Хьеврон, Ӏузиал.13 aТкъа Ӏамраман ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. АхӀарон а, цуьнан тӀаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гӀуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тӀедиллина гӀуллакхаш хӀорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогӀу кӀур баккхар а, Цунна Ӏамал яр а, Цуьнан цӀарах адамаш декъалдар а. 14Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кӀентий Левин тӀаьхьенах лоруш бара. 15Мусан кӀентий бара: ГӀиршам, ЭлиӀазар. 16ГӀиршаман воккхаха волу кӀант вара Шубиал. 17ЭлиӀазаран дуьххьарлера доьзалхо вара Рехьаб-ЯхӀу. Кхин кӀентий бацара ЭлиӀазаран. Амма Рехьаб-ЯхӀун дуккха а кӀентий бара.
18Ицхьаран воккхаха волу кӀант вара Шалумати.
19Хьевронан воккхаха волу кӀант вара Яри-ЯхӀу. ШолгӀа кӀант Ӏамар-ЯхӀу вара. КхоалгӀаниг Яхьазиал вара. Ткъа ЕкхамӀам Хьевронан воьалгӀа кӀант вара.
20Ӏузиалан воккхаха волу кӀант вара Мика. Йоши-ЯхӀу цуьнан шолгӀа кӀант вара.
Мераран тӀаьхье
21Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи.Махьлин кӀентий бара: ЭлиӀазар, Къуша. 22ЭлиӀазаран кӀентий бацара, цуьнан йоӀарий бара. ЭлиӀазаран йоӀарий шайн гергара болчу Къушин кӀенташка маре бахара.
23Мушхьин кхо кӀант вара: Махьли, Ӏедар, Еримати.
24Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тӀаьхьенаш. И тӀаьхьенаш шайн цӀерашца хӀокху йозанна тӀехь дӀаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакхаш дан. 25Дауда олура: «Исраилан халкъан Везачу Дала Шен халкъана машар белла. Веза Эла гуттаренна а Ярушалаймехь вуьсу. 26 bХӀинца дуьйна Делан деза четар а, цунна чохь гӀуллакх деш лелош йолу хӀуманаш а лело езар яц шайца левихоша». 27Даудан тӀаьххьара долчу омранашна тӀе а доьгӀна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша 28 cВезачу Элан ЦӀа чохь гӀуллакх деш болчу АхӀаронан тӀаьхьенах болчарна гӀо дан дезаш дара. Левихоша цӀано латто езаш яра цу ЦӀийнан керташкахь а, цуьнан агӀонаш тӀехь йолчу чоьнашкахь а. Цара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а мел йолу хӀума цӀанйора. Левихойн болх бара Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а гӀуллакх дар. 29Левихоша тергам бора Везачу Элан ЦӀа чохь дӀахӀотточу, Далла лерина долчу баьпкан а, цара дола дора ялтин сагӀанашна лерина долчу деман а, иштта совсаза болчу бедах динчу хьокхамийн а, доттучу баьпкан а, бод кечбаран а тергам бора цара. Цара массо а хӀуманан барам лелабора. 30ХӀора Ӏуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана баркалла а кхайкхош, хастамаш бан а безара левихоша. 31Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хӀоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гӀуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь. 32Иштта, левихоша гуламан четарна уллохь ха а дора, еза хӀуманаш лар а йора. Цара гӀо дора АхӀаронан тӀаьхьенах болчу шайн гергарчу нахана Везачу Элан ЦӀийнан кертахь Далла гӀуллакх дан.
Copyright information for
CheCAC2012