1 Chronicles 24
Динан дай Далла гӀуллакх дан дӀахӀиттор
1Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар. 2 aНадаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара. 3Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина. 4ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах – бархӀ баьчча схьахаьржира. 5Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла. 6Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара. 7Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг – ЯдаӀ-ЯхӀун, 8кхоалгӀаниг – Хьармин, боьалгӀаниг – СаӀуриман, 9пхоьалгӀаниг – Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг – Мияманан, 10ворхӀалгӀаниг – Къоцин, борхӀалгӀаниг – Аби-ЯхӀун, 11уьссалгӀаниг – ЮшаӀан, уьтталгӀаниг – Шахан-ЯхӀун, 12цхьайтталгӀаниг – Элишубан, шуьйтталгӀаниг – Якъиман, 13кхойтталгӀаниг – Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун, 14пхуьйтталгӀаниг – Билгин, ялхитталгӀаниг – Амиран, 15вуьрхӀитталгӀаниг – Хьецаран, берхӀитталгӀаниг – Хьапицацан, 16ткъайоьсналгӀаниг – Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг – Яхьазкхиалан, 17ткъе цхьалгӀаниг – Якинан, ткъе шолгӀаниг – Гамулан, 18ткъе кхоалгӀаниг – Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг – МаӀаз-ЯхӀун. 19Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.Бисина левихой гӀуллакхе дӀахӀиттор
20Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏамраман тӀаьхьенан баьчча хилира Шубиал; Шубиалан тӀаьхьенан – Яхьди-ЯхӀу; 21Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу; 22Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат; Шалуматин тӀаьхьенан – Яхьат; 23Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг – Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – Яхьазиал, воьалгӀаниг – ЕкхамӀам; 24Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах – Шамир. 25Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу; 26Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу. 27Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар. 28Махьлин тӀаьхьенан – ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара. 29Къушин тӀаьхьенан – Ярахьмиал. 30Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати. Иштта ю левихойн тӀаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина. 31Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.
Copyright information for
CheCAC2012