a Дауд 6:11; Арадаккхар 13:14.

‏ 1 Chronicles 26

Везачу Элан цӀийнан кевнера гӀаролхой

1Кевнашкахь гӀарол дан дӀахӀиттийнарш хӀорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кӀант Мишлам-ЯхӀу. Иза Асайпан тӀаьхьенах вара. 2Мишлам-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЕдиӀаал, кхоалгӀаниг – Забди-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Ятниал, 3пхоьалгӀаниг – Ӏейлам, йолхалгӀаниг – ЯхӀу-Хьана, ворхӀалгӀаниг – Эли-ЯхӀу-Ӏейни.

4 aӀабади-Эдоман кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант ШамӀа-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЯхӀу-Забди, кхоалгӀаниг – Юахьи, воьалгӀаниг – Сакар, пхоьалгӀаниг – Натунаил, 5йолхалгӀаниг – Ӏамиал, ворхӀалгӀаниг – Иссархан, борхӀалгӀаниг – ПаӀултай. Дала декъалвинера Ӏабади-Эдом.

6ПаӀултайн кӀентан ШамӀа-ЯхӀун а бара кӀентий. Уьш говза нах хилла дела, шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. 7ШамӀа-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: Ӏотни, Рапиал, Ӏабади, Эли-Забда. Цуьнан гергара нах а бара говза нах. Уьш бара ЭлихӀу, Симах-ЯхӀу.

8Уьш берриш а Ӏабади-Эдоман кӀентех схьабевллера. Шайна тӀедиллина гӀуллакх дан говза а болуш, иза кхочуш а деш, нах бара уьш а, церан кӀентий а, вежарий а. Уьш Ӏабади-Эдоман тӀаьхьенах схьаваьлла волу кхузткъе итт стаг вара.

9Мишлам-ЯхӀун кӀентий а, вежарий а шайн гӀуллакх дан говза волу берхӀитта стаг вара.

10Мерарихо волчу Хьосин кӀентий хӀорш бара: коьртаниг – Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дӀахӀоттийнера иза), 11шолгӀаниг – Хьалкхи-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – ТӀабал-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Закри-ЯхӀу. Хьосин берриг кӀентий а, вежарий а кхойтта стаг вара.

12Шайн доьзалийн баьччанашка хьаьжжина, екъна йолчу гӀаролхойн оцу тобанашна, церан гергарчарна санна, тӀедиллинера Везачу Элан цӀийнан кертахь гӀуллакхаш дар. 13Шайн доьзалшка хьаьжжина, цара жимачо а, воккхачо санна, кхаж тесира, хӀора кевнехь гӀарол дар хьанна кхочу хьожуш. 14Иштта Шалам-ЯхӀун кхаж белира малхбалехьа долчу кевнехь гӀарол дан. Хьекъале хьехамча волчу цуьнан кӀантана Закри-ЯхӀуна а тесира кхаж. Цунна кхечира къилбаседехьарчу кевнехь гӀарол дар. 15Ӏабади-Эдомна – къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кӀенташна чӀоьнан цӀеношна ха дан кхаж белира. 16Шупаймна а, Хьосина а – малхбузехьарчу кевнехь а, лакхарчу урамехь долчу Шалихат-кевнехь а гӀарол дан кхаж белира. ГӀаролхойн цхьана тобано вукху тобанна тӀаьхьа гӀарол дора. 17Малхбалехьа – хӀора денна ялх левихо, къилбаседехьа – хӀора денна виъ, къилбехьа – виъ, чӀоьнан цӀеношкахь шишша левихо дӀахӀоттавора хӀора дийнахь. 18Малхбузехьа йолчу кертана тӀебоьдучу некъа тӀехь – виъ, ткъа оцу кертахь ши левихо дӀахӀоттийра. 19Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тӀаьхьенан Везачу Элан цӀийнан кевнехь ха дан дӀахӀоттор.

Хазнаш Ӏалашйинарш

20Ткъа церан вежарий болу левихой Делан цӀийнан хазна а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазна а ларъеш бара. 21ГӀиршанан кӀентан ЛаӀданан тӀаьхьенан доьзалийн баьчча вара Яхьи-Эла. 22Яхьи-Элан кӀентий хилира Зетам а, цуьнан ваша Юал а. Уьш Везачу Элан цӀийнан хазна ларъярна тӀехь куьйгалла деш бара.

23Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тӀаьхьенашна а дара тӀедехкина гӀуллакхаш.

24Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тӀехьожург вара. 25ГӀиршаман вешин ЭлиӀазаран кӀант вара Рехьаб-ЯхӀу. Рехьаб-ЯхӀун кӀант вара ЯшаӀ-ЯхӀу. Цуьнан кӀант вара Йорам. Йораман кӀант вара Зикра. Зикрин кӀант вара Шалумати. 26Шалуматис а, цуьнан вежарша а Дауд-паччахьо а, доьзалийн баьччанаша а, тӀеман коьрта хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, эскаран кхиболчу куьйгалхоша а Далла дечу гӀуллакхна дӀакъастийна хӀуманаш чохь йолчу массо а хазнийн Ӏуналла дора. 27Шаьш тӀамехь схьаяьккхинчу хӀонсах цхьа дакъа Везачу Элан цӀенна оьшучунна дӀакъастадора цара. 28Шамъал-пайхамаро а, Къушин кӀанта Шаула а, Неран кӀанта Абунара а, Царуятан кӀанта Йоаба а Везачу Элана лерина дӀаделла массо хӀума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара.

Кхечу левихошна тӀедехкина гӀуллакхаш

29Ицхьаран тӀаьхьенах болу Ханан-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а билгалбехира Делан цӀийнан арахьара гӀуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тӀехь сардалш а, кхелахой а бара.

30Хьевронан тӀаьхьенах болчу Хьашби-ЯхӀус а, цуьнан вежарша а – говза волчу цхьа эзар ворхӀ бӀе стага – Йордан-хин малхбузехьа долчу Исраил-мехкан латтанашкахь Везачу Элана лерина а, паччахьна а массо а тайпана гӀуллакхаш дора. 31Доьзалийн цӀераш дӀаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тӀаьхьенах волу Яри-ЯхӀу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгӀа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалӀад-махкарчу ЯӀзир-гӀалахь. 32Яри-ЯхӀун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гӀуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тӀехь, коьртанаш а бина, дӀахӀиттийра Дауд-паччахьо уьш.
Copyright information for CheCAC2012