‏ 1 Chronicles 28

Дауд-паччахьо Делан цӀийнах бина хьехам

1Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кӀентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тӀемалой а.

2 aХьала а гӀаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогӀалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кӀело хир йолу хӀара меттиг дӀанисъян. Аса Делан цӀа дӀахӀотто кечам бина. 3Амма Дала элира соьга: „Дауд, ахьа ма хӀоттаде Суна лерина цӀа, хӀунда аьлча ахьа дукха тӀемаш а бина, цӀий а Ӏанийна“. 4Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхӀудан тӀаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тӀаьхьенна тӀехь олалла дайтархьама. Оцу тӀаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дӀахӀотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван! 5Везачу Эло дуккха а кӀентий белла суна. Оцу сан массо а кӀенташна юкъара Везачу Эло сан кӀант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тӀехь дечу паччахьаллехь.

6Везачу Эло аьлла соьга: „Дауд, хьан кӀанта Сулима дӀахӀоттор ду Суна лерина долу цӀа а, цунна гонахара керт а. ХӀунда аьлча Аса, Сайн кӀант ву аьлла, Сулим хаьржина, ткъа Со цуьнан Да хир ву. 7Нагахь Сулима хӀинццалц санна, кхидӀа а Сан дерриге а весеташ а, Сан хьехамаш а леррина кхочушбахь, Аса цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду абаденналц“.

8Ткъа хӀинца Везачу Эло хаьржина долчу, гулделлачу Исраилан халкъана хьалха, Везачу Элан гуламехь, вайн Далла дӀа а хозуьйтуш, ас боху: „Шайн Везачу Делан дерриге а весеташ леррина кхочушде. ТӀаккха далур ду шуьга кху хьаналчу лаьтта тӀехь олалла, и латта хаддаза шайн тӀаьхьенера тӀаьхьене дӀа а луш“.

9Ткъа хьуна, сан кӀант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гӀуллакх де, хӀунда аьлча Везачу Элана хаьа хӀораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дӀаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дӀатосур ву хьо. 10Сулим, хьо кхета веза, Везачу Эло Шен сийлахь-еза меттиг, Шен цӀа, дӀахӀотто хьо хаьржина хиларх. ЧӀагӀлой, и гӀуллакх чекхдаккха».

11Цул тӀаьхьа Везачу Элана дӀахӀотто дезачу цӀийнан дехкина суьрташ тӀехь долу кехаташ дӀаделира Дауда шен кӀанте Сулиме. Оцу кехаташна тӀехь Везачу Элан цӀенна гонах хир йолчу чоьнийн, кертахь хир йолчу гӀишлойн, цуьнан чоьн-цӀенойн, тӀехула хир йолчу а, чухула хир йолчу а чоьнийн, адамаш къинойх цӀандеш хир йолчу меттиган дехкина суьрташ дара. 12Иштта Дауда Сулиме делира шен даг чохь мел долчун хӀоттийна долу сурт. Цу юкъахь дара Везачу Элан цӀийнан гонах хир йолчу кертийн а, гонах хир йолчу массо а чоьнийн а, Делан цӀийнан хазнин а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазнин а хӀоттийна долу суьрташ. 13Дауда динан дайн а, левихойн а тобанех лаьцна а, Везачу Элан ЦӀа чохь а, кертахь а кхочушдан дезачу гӀуллакхех лаьцна а, и гӀуллакх деш лело езачу массо а хӀуманех лаьцна дерриге дӀадийцира Сулиме. 14Иштта Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх деш лелош хир йолчу хӀуманашна деши а, дети а мел дезар ду а дийцира Дауда Сулиме. 15Оцу кехаташна тӀехь билгалдаьккхина дара мел деши а, дети а дезар ду шайн кӀелхӀотторгашца йолчу тайп-тайпанчу чиркхаш чухӀотторгашна а, иштта шен кӀелхӀотторгаца йолу хӀора чӀурам-чиркх чухӀотторгана а, шен-шен Ӏалашонна лело езаш йолчу. 16ТӀаккха Дауд-паччахьо дийцира, деза бепиг тӀехӀоттош йолчу дешин стоьлана деши мел дезар ду. Иштта детин стоьлаш еш дети мел дезар ду а. 17Иштта, Дауда дийцира, цӀена деши мел дезар ду, мӀерий, кедаш, боганаш деш. Цо дийцира, деши мел дезар ду, хӀора дашо хедар деш, я хӀора дато хедар деш. 18Дауда дийцира, деши мел дезар ду, сагӀа доккхуш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш тӀехь ягош болу кхерч беш. Кхин а Дауда делира Сулиме Далла лерина кечйинчу меттиган деших дан дезачу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долчу тӀорказна тӀехула, шайн тӀемаш дӀаса а дахийтина, лаьтташ долчу маликашна гӀудалкх муха ян еза гойту сурт а. 19Дауда элира: «И аса йийцина Ӏалашонаш Везачу Элан куьйгаллица дӀаязйина яра. Везачу Эло гӀо дира суна оцу ерриге Ӏалашонех кхета».

20Иштта, шен кӀанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дӀадоладе и гӀуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хӀунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цӀа дӀахӀоттош ахь дан деза гӀуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц. 21Ткъа динан дайн а, левихойн а тобанаш кийча ю Делан цӀа чохь бан беза муьлхха а болх бан. ХӀора шен гӀуллакхан говзанча а кийча ву хьуна оцу гӀуллакхна тӀехь гӀо лаца. Хьаькамаш а, дерриг халкъ а кийча ду хьан муьлхха а омра кхочушдан».
Copyright information for CheCAC2012