‏ 1 Chronicles 8

Бен-Яманан тӀаьхье

1Бен-Яманан дуьххьарлера кӀант вара БулаӀ, шолгӀаниг – Ашбели, ткъа кхозлагӀниг – Ахьарахьи. 2Цуьнан воьалгӀа кӀант вара Нухьа, пхоьалгӀаниг – Рапа.

3БулаӀан кӀентий хӀорш бара: Адар, Гери, АбихӀуд
Гери, АбихӀуд – я иштта: Ахьудан да волу Гери.
,
4АбишуӀ, НаӀаман, Ахьохь, 5Гери, Шапупан, Хьурам.

6Ахьудан тӀаьхье хӀара яра (ГибаӀ-гӀалара Манахьат-гӀала дӀабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш): 7НаӀаман, АхьъяхӀу, Гери. Гери ву уьш кхечу гӀала баха дӀабигина хилларг. Герин кӀентий бара Ӏузи а, АхьъяхӀуд а.

8Хьушим а, БаӀарат а цӀераш йолу шен зударий дӀа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кӀентий хилира. 9Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кӀентий: Ябаб, Цивъя, МешаӀ, Малкам, 10ЯӀуца, Шахи-ЯхӀу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кӀентий бара.

11Хьушима цунна бина кӀентий хӀорш бара: Абитуб, Эли-ПаӀал.

12Эли-ПаӀалан кӀентий хӀорш бара: Ӏебар, МишиӀам, Шемад. Шемада дӀахӀоттийра Овну а, Лодди а гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а.

13Иштта БериӀ а, ШемаӀ а Айлон-гӀаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гӀалара бахархой дӀалелхийнера. 14Ахьъю, Шашакх, Еримати, 15Забди-ЯхӀу, Ӏарод, Ӏедар, 16Микаал, Ишпа, Йохьа – уьш берриш а БериӀан кӀентий бара.

17Забди-ЯхӀу, Машулим, Хьузакх, Хьебар, 18Ишмарай, Изли-ЯхӀу, Ябаб – Эли-ПаӀалан кӀентий бара.

19Якъим, Зикра, Завади, 20Эли-Ӏенай, Цилтай, Элиал, 21Ӏади-ЯхӀу, Бира-ЯхӀу, Шимрати бара ШамаӀин кӀентий.

22Ишпани, Ӏебар, Элиал, 23Ӏабдани, Зикра, Хьанан, 24Хьанан-ЯхӀу, Ӏейлам, Ӏантут-ЯхӀу, 25Ипад-ЯхӀу, Пенуал бара Шашакхан кӀентий.

26Шамширай, Шахьар-ЯхӀу, Ӏатал-ЯхӀу, 27ЯӀриш-ЯхӀу, Эли-ЯхӀу, Зикра бара Ярохьаман кӀентий.

28Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

29Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара ГавӀон-гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал
Грекийн гочдар тӀехь: ЯӀиал. Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.
. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра.
30ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа хилира Цура, Къуша, БаӀал, Нер
Грекийн гочдар тӀехь: Нер. Ӏебархойн тептар тӀехь и цӀе яц.
, Надаб,
31Гадур, Ахьъю, Захир, 32Микхлут. Микхлутан кӀант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

Шаул-паччахьан тукхам

33Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал
ЭшбаӀал – цунах кхин а Иш-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.
а бара Шаулан кӀентий.
34ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал
Мариб-БаӀал – цунах кхин а Мапи-Бошат олу «Дауд» цӀе йолчу тептар тӀехь.
. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.

35Микин кӀентий хӀорш бара: Питун, Малик, ТаираӀ, Ахьаз. 36ЯхӀу-Ӏада Ахьазан кӀант вара. ЯхӀу-Ӏадин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца. 37Муцин кӀант вара БинӀа. Цуьнан кӀант вара Репа. Репин кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.

38Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кӀентий бара. 39Ацалин вешин Ӏешакхан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант Улам, шолгӀаниг ЕӀуш, ткъа кхозлагӀниг Эли-Пулат.

40Уламан кӀентий, секхаӀодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тӀемалой бара. Церан дуккха а кӀентий а, кӀентийн кӀентий а хилира. Уьш цхьа бӀе шовзткъе итт стаг вара.

Кхузахь дӀаязбина болу берриш а Бен-Яманан тӀаьхьенах схьабевллера.
Copyright information for CheCAC2012