eЕшаӀ-ЯхӀу 29:14 (Грекийн).
1 Corinthians 1
1Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал хила тӀекхайкхийнчу ПахӀала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хӀара кехат. 2 aХӀара кехат оха яздо Коринт-гӀаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсага кхойкхурш а иштта тӀекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Ӏаш, Ӏийса церан а Веза Эла ву. 3Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна.Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларо декъалво
4Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тӀера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. 5ХӀунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агӀор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. 6Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чӀагӀдаларе терра, 7Делан Синера долчу совгӀаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса гучувоккхучу дийне ладоьгӀуш шу хиларна. 8ТӀаьххьара де тӀекхаччалц Цо шу тешарехь чӀагӀдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волчу дийнахь шу ала хӀума доцуш цӀена хилийтархьама. 9Шен КӀантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсаца, уьйр хила шу тӀекхайкхина волу Дела тешаме ву.Динан тобанехь долу декъадаларш
10Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа ас чӀогӀа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. 11ХӀунда аьлча Халайн цӀерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. 12 bСо ала гӀертарг хӀара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахӀалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Ӏийсагахьа ву». 13Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахӀал дӀатоьхнерий те шун дуьхьа жӀарах? Я ПахӀалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих? 14 cАса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна. 15Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла. 16( dИштта Сетипанан цӀеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догӀу.) 17Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жӀарах дӀатохар эрна ца хилийтархьама.Дала леррина Къобалвинарг – Делан ницкъ а, хьекъал а хилар
18ХӀаллакьхуьлуш болчарна Ӏийса жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кӀелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу. 19 eДелан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хӀаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла,кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».
20 fТкъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Ӏилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? 21Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Ӏийсах тешнарш кӀелхьарбахар. 22Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла, 23ткъа оха дӀакхайкхабо кхаъ хӀара бу: Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Ӏесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, 24ткъа Дала тӀекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьӀна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар. 25ХӀунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгӀазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю. 26Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тӀекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. 27Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хӀуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгӀаза хеташ долу хӀуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. 28Кху дуьненахь кӀезиг хета хӀуманаш а, сийсаза хета хӀуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хӀумма а доцу хӀума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хӀуманаш хӀумма а доцург хилийтархьама. 29Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало. 30Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргӀат а доху. 31 gЦундела ма яздина Делан Йозанаш тӀехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».
Copyright information for
CheCAC2012