‏ 1 Corinthians 10

ЦӀушна Ӏамалъярх ларлолаш

1 aДинан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бӀогӀамо ларбина хилар а, хӀорда бухарчу лаьтта тӀехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна. 2Уьш берриш а, мархах а, хӀордах а чекх а бевлла, Мусаца цхьаьнакхетийтина. 3 bЦара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна. 4 cИштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хӀунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тӀулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТӀулг бара – Дала леррина Къобалвинарг. 5 dАмма царах дукхахболчарна Дела реза ца хилла, церан декъий яьссачу аренгахула дӀасадаржийна хилла.

6 eИ дерриг вайна масална хилла дара, вайн а, церан санна, вониг дан лаам ца хилийта. 7 fВайн дайх цхьаберш санна, цӀушна Ӏамал еш ма хилалаш. Делан Йозанаш тӀехь царах лаьцна яздина ду: «Адамаш яа а, мала а охьахевшира, тӀаккха шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш». 8 gЦарах цхьаболчара лелийнарг а лелийна, сийсаза ма довла вай! Оцу цхьана дийнахь царах ткъе кхо эзар стаг хӀаллакьхилира. 9 hДела зе а гӀоьртина, лаьхьарчаша байина болу царах цхьаберш санна, вай а ма гӀерта Дала леррина Къобалвинарг
Дала леррина Къобалвинарг – цхьадолчу тептарш тӀехь дӀаяздина ду: Веза Эла.
зе.
10 jИнкарлонаш йинчу царах цхьаболчарах ма тарлолаш – уьш мулкалмото хӀаллак ма бина.

11Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тӀекхаьчначу хенахь Ӏен долчу вайга, дӀахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза.

12Цундела ша когаш тӀе ондда дӀахӀоьттина ву моьттуш верг охьавожарх ларвала веза. 13Шуна тӀедеана долу зер массо а адамна тӀехӀуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тӀехӀотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама.

14Иштта, сан хьоменаш, цӀушна Ӏамалъярх ларлолаш! 15Аса кхетам болчаьрга санна боху шуьга. Шаьш а ойла ел аша, аса бохург нийса ду я дац. 16 kШеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цӀийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегӀаца вайн дакъалацар дийриг? 17Бепиг цхьаъ долу дела, дуккха а долу вай а цхьа дегӀ санна ду. Вай массо а цхьана баьпках дакъалоцуш ма ду.

18 lХьовсал Исраилан халкъе – царах сагӀина еана хӀума юуш берш а ца хуьлу ткъа берриге а цу сагӀа доккхучу кхерчана тӀейиллинчу сагӀина еанчу хӀуманан декъашхой? 19ТӀаккха аса бохург хӀун ду? Дуй те иза цӀу цхьа хӀума ю бохург? Я цӀунна сагӀина еанарг а юй те цхьа хӀума ю аьлла хӀума? 20 mДац! Амма дин доцучара сагӀина яхьа хӀума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила. 21Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тӀаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а. 22 nВай даьхьар дуй те Везачу Элан вайга эмгаралла хилийта? Цул а ницкъ болуш ду ткъа вай?

23 o«Дерриг а дан бакъо ю вайн» – олуш ду. Иза бакъ хила там бу, амма массо а хӀума дац вайна пайдехь. «Дерриг а дан бакъо ю вайн». ХӀаъ, ю, амма оцу дерригено а синца чӀагӀ ца во. 24Цхьаммо а ма лахалаш шайна пайдехь дерг, амма хӀораммо а кхиболчарна пайдехь дерг лахалаш.

25Шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш, базарахь духкуш долу муьлхха а жижиг даа мегар ду аша. 26 pДелан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тӀехь мел дерг а Везачу Элан ду».

27Нагахь Делах тешаш воцучу накъосто дуьйла а аьлла, шу и волчу дахча, цо шайга яа аьлларг, шайн эхь-бехке хьаьвссина, цхьа а хаттар ца деш яа. 28Амма цхьаммо и юуш ерг цӀушна сагӀина еанчух ю алахь, тӀаккха шайга и аьллачун дуьхьа а, деган паргӀатонан дуьхьа а и юург ма яа. 29Шун деган паргӀатонах а доцуш, ткъа вукхун паргӀатонах лаьцна боху аса иза.

Ткъа сан паргӀато хӀун бахьанехь емалйина хила еза кхечун даго?
30Нагахь аса, Далла баркалла а бохуш, и юург тӀеоьцуш хилча, аса баркалла баьхнарг бахьана долуш со емал хьан вийр вара?

31Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гӀуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де. 32Дуьхьало ма елаш жуьгташна а, грекахошна а, Делан долахь йолчу ерриге а Ӏийсах тешаш болчеран тобанна а, амма, аса массарна а, массо а хӀуманна тӀехь царна луъург даре терра, лелалаш шу а. Сайна пайдехь дерг а ца лоьхуш, дукхахболчарна пайдехь дерг до аса, уьш а кӀелхьарбовлийтархьама.33

Copyright information for CheCAC2012