eАрадаккхар 24:8; Ярми-ЯхӀу 31:31-34; Арадаккхар 24:6-8.
1 Corinthians 11
1 aСох тера хила гӀерталаш, со а Дала леррина Къобалвинчух тера хила ма-гӀерттара.Коьрта тӀе хӀума тилларх лаьцна
2Аса хастадо шу, даим а со шуна дагаварна а, аса шайна ма-даллара, аша ламасташ лардарна а. 3Амма суна шуьга дӀахаийта лаьа, хӀора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. 4ДоӀа дечу я Делера болу хаам бовзуьйтучу хенахь боьршачу стага коьрта тӀе хӀума тиллинехь, цо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. 5Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тӀехь хӀума а йоцуш, доӀа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьӀаьржо тӀейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло. 6Нагахь зудчунна шен коьрта тӀе хӀума тилла ца лаахь, цо шен корта баша а мегар ду. Амма нагахь зудчунна шен корта баьшна я лергина хилча эхь хетахь, цо шен коьрта тӀе хӀума тилла еза. 7 bЦхьана агӀор боьршачу стага шен коьрта тӀе хӀума тилла ца еза, ша Делан васт а, Цуьнан сийлалла а йолу дела. Вукху агӀор зуда шен майрачун сийлалла ю. 8 cХӀунда аьлча стаг зудчух вина вац, ткъа зуда ю стагах йина. 9Стаг зудчун дуьхьа кхоьллина вац, амма зуда ю стеган дуьхьа кхоьллина. 10Цундела зудчун коьрта тӀе тиллина хӀума хила еза, шена тӀехь долу олалла билгалдаккха а, маликашна хьалха а ▼▼Я иштта: Цу бахьаненна а, маликийн дуьхьа а зудчун коьртахь тиллина хӀума хила еза, шен олалла билгалдаккха. Я иштта: Цу бахьаненна а, маликийн дуьхьа а зудчун паргӀато хила еза, шен коьрта хӀума тилла я ца тилла.
. 11Делахь а, Везачу Элаца долчу вайн дахаре хьаьжжина, зуда а стаг воцуш хиларх хӀумма а дац, ткъа стаг а зуда йоцуш хиларх хӀумма а дац. 12ХӀунда аьлча зуда стагах йина ма-хиллара, стаг а ву зудчо вина. Ткъа и дерриг а – Делера ду. 13ТӀаккха шаьш а ойла ел аша: оьзда хир дуй те, зудчо Деле доӀа дечу хенахь, цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума ца хилча? 14Дуьненан Ӏаламо ша а ца хьоьху вайна, боьршачу стага шен месаш яхъялийтича, иза цунна шена юьхьӀаьржонна дуйла? 15Ткъа зудчо еха месаш лелийча – цунна сийлахь ду, хӀунда аьлча еха месаш елла ю цунна, коьрта тӀе тиллина хӀума санна. 16Цхьаболчарна-м цунах лаьцна соьца къовса а луург хир дара, амма, аса аьлларг доцург, кхин тайпана ламасташ дац я тхан а, я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанийн а. Везачу Элан пхьорах лаьцна
(Маттай 26:26-29; Марк 14:22-25; Лака 22:14-20)
17Аса кхин а цхьа хӀума тӀедуьллу шуна. ХӀинца хаста а ца до ас шу, хӀунда аьлча шун гуламаша, диканиг дахьачун метта, вониг дахьа. 18Цкъа хьалха аса сайна хезначух лаьцна эр ду. Шу цхьаьна гулделлачу хенахь шуна юкъахь декъадаларш хуьлу боху. Цунах со цхьажимма теша а теша. 19(Цу тайпана долу декъадаларш хила а деза шун, шайна юкъара билггал тешаш берш гучубахархьама.) 20Шаьш цхьаьна гуллучу хенахь, билггал Везачу Элан пхьор даа гулделча санна ца гулло шу. 21ХӀунда аьлча шу шаьш еана йолу яа хӀума яа сихло. ТӀаккха цхьаберш меца буьсу, ткъа вуьш чагӀаро бахабо. 22Юург яа а, мерг мала а шайн цӀенош дац те шун? Я Делан долахь йолчу массо а Ӏийсах тешначийн тобанах шу дешаш дац те? Я мисканаш дегаза хета те шуна? ХӀун ала деза те аса шуьга? Хастор дуй те ас шу и бахьанехь? Аса и гӀуллакхаш бахьанехь хастор дац шу. 23ХӀунда аьлча аса Везачу Элера Шеггара схьаэцна айса шуна делларг. Шена ямартло йинчу буса Веза Эла волчу Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, 24Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХӀара Сан дегӀ ду, шун дуьхьа дӀалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама». 25 eУьш пхьор диъна бевлча, Цо, чагӀаран кад схьа а эцна, элира: «Сан цӀийца бинчу керлачу бертан кад бу хӀара. Шаьш иза мосазза молу, Со дагалацархьама, иштта делаш». 26ХӀунда аьлча шаьш хӀара бепиг мосазза доу а, хӀара кад мосазза молу а, Веза Эла схьаваллалц, Цуьнан валар кхайкхадо аша. 27Цундела нагахь цхьаммо хӀара бепиг даар а, Везачу Элан кад малар а лело хьакъ ма-дарра ца леладахь, иза Везачу Элан дегӀана а, Цуьнан цӀийна а дуьхьал къа латорна бехке хир ву. 28Стага ша-шен зен веза, ткъа цул тӀаьхьа цо и бепиг а доийла, и кад а молийла. 29ХӀунда аьлча нагахь санна цхьаммо, Дала леррина Къобалвинчун дегӀ а ца лоруш, юуш а, молуш а елахь, иза шена кхелана юуш а, молуш а ву. 30Цундела шух дукхахдерш гӀораза а, цомгуш а хуьлу, цхьаберш бала а ле. 31Нагахь вай ваьш зуьйш делахьара, Везачу Эло йийр яцара вайна кхел. 32Ткъа вайна тӀехь Цо кхел еш хилча, вай нисдеш долу таӀзар хуьлу вайна, дуьненах кхечаьрца цхьаьна вайна кхел йина ца хилийтархьама. 33Иштта, сан динан вежарий, шаьш Везачу Элан пхьор даа гулделча, вовшашка ладогӀалаш, и даа сих а ца луш. 34Нагахь санна шух цхьаъ меца велахь, шайн цӀахь яа юург, гуламехь иза шуна кхелъярна ца хилийтархьама. Ткъа дисна гӀуллакхаш со дӀавеанчу хенахь нисдийр ду аса.
Copyright information for
CheCAC2012