‏ 1 Corinthians 12

Делан Синера долу похӀманаш

1Ткъа хӀинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас.

Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла.
2Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цӀуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла. 3Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеӀалт хуьлийла Ӏийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Ӏийса – Веза Эла ву».

4 aПохӀманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. 5ГӀуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. 6Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. 7Амма Делан Са гучудаккхар хӀоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. 8Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. 9Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похӀма ло. 10Вукхунна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похӀма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похӀма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. 11Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш.

Цхьана дегӀан дуккха а меженаш хилар

12 bАдаман дегӀ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегӀ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегӀ масех меженах лаьтташехь. 13ХӀунда аьлча вайх хӀора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегӀ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргӀат адамаш делахь а, вайга хӀоранга а цхьана Синах малийтина дара.

14Адамийн дегӀ, цхьана меженах хилла а ца Ӏаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду. 15Нагахь кого: «Со-м бац дегӀах, со куьг доцу дела», – алахь а, хӀетте а оцу дегӀан меже ца хилча ма ца болу иза. 16Ткъа лерго: «Со бӀаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегӀах», – аьлча а, оцу дегӀан меже ца хилча долий иза? 17Нагахь дерриг а дегӀ беккъа бӀаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегӀ деккъа лергех дина делахьара, муха йогӀур яра хьожа? 18Амма Дала дегӀан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дӀанисйина. 19Нагахь дегӀ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тӀаккха дегӀ муха хир дара? 20Ма-дарра аьлча, дегӀан меженаш дуккха а ю, ткъа дегӀ – цхьаъ ду.

21БӀаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу». 22Мелхо а, адамна эгӀаза хеташ йолу дегӀан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу. 23Оцу кӀезиг хеташ йолчу дегӀан меженийн вай чӀогӀа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дӀахьулйо. 24Ткъа важа йолу меженаш дӀахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегӀан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш. 25Иза ду, дегӀана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегӀан меженаша вовшийн цхьатерра гӀайгӀа бан беза. 26Нагахь дегӀан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегӀан а лазам хуьлу. Нагахь дегӀан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу.

27Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегӀ ду, ткъа шух хӀора а цу дегӀан меже ю. 28 cДинан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагӀнаш динан хьехамчаш бина дӀахӀиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гӀуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похӀма делла. Иштта уллорачарна гӀо дан похӀма а, урхаллин похӀма а, тамашийна мотт бийцаран похӀма а делла Цо. 29Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гӀуллакхаш дийраш? 30Массеран ду ткъа адамаш тодаран похӀма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похӀма а? 31Оцу похӀманел а сов долчу похӀманашна тӀекхийда шу.

Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.
Copyright information for CheCAC2012