‏ 1 Corinthians 14

Дала шайна делла похӀманаш динан тобанна пайденна хилийта

1Шайна чохь безам хилийта гӀерта. Делан Сино луш долчунна тӀекхийда – уггаре а чӀогӀа дезаш хилалаш Делера болу хаамаш бар. 2ХӀунда аьлча тамашийначу маттахь къамел дечо адамашка ца дуьйцу, цо Деле дуьйцу. Цо дуьйцучух цхьа а ца кхета, ткъа иза Делан Синехула къайленаш юьйцуш ву. 3Делера хаамаш бечо адамашка дуьйцу, уьш синца чӀагӀбархьама а, иракарахӀитторхьама а, тебархьама а. 4Тамашийнчу маттахь къамел дийриг шен синца чӀагӀло, ткъа Делера болу хаамаш бечо динан тоба чӀагӀйо.

5Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хӀунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чӀагӀъяйтархьама. 6Динан вежарий, нагахь со шу долчу а веана, аса тамашийначу меттанашкахь дийцича, шуна хӀун пайда хуьлу, нагахь и дуьйцуш дерг Дала довзийтина хӀума а дацахь, я Дала белла кхетам иза бацахь, я Цуьнгара болу хаам иза бацахь, я хьехам бацахь?

7Ойла ехьа, са доццушехь, чуьра аз долучу хӀуманийн. Масала, дечиг-пондаро я шедаго тайп-тайпана аьзнаш долуьйтуш ца хилча, локху мукъам муха къасталур бу те? 8Нагахь санна турби чуьра долу аз къаьсташ ца хилча, хьан бийр бу тӀамана бан беза кечам? 9Иштта аша а, тамашийна мотт а буьйцуш, кхетаме хаам ца бича, муха кхетор ву шаьш дуьйцучух? Аша дуьйцург, мохе дуьйцуш санна, эрна хир ду. 10Мел дукха ду-кх дуьнен чохь тайп-тайпана меттанаш, царах цхьа а бац шен маьӀна доцуш. 11Цундела суна оцу меттан маьӀна ца хиъча, кхечу къомах волуш санна хир ву со и буьйцуш волчунна, ткъа и мотт буьйцург кхечу къомах верг санна хир ву суна. 12Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гӀерта дела, динан тобанна чӀагӀонна Цо луш долчу похӀманийн дикалла совъяккха хьовсалаш.

13Цундела тамашийначу меттанашкахь дуьйцуш волчо, ша дуьйцург гочдан хаар деха Деле. 14ХӀунда аьлча аса тамашийначу маттахь доӀа деш хилча, Делан Сино сан синехула доӀа до, амма сан хьекъална иза пайденна дац. 15ТӀаккха аса хӀун дан деза? Аса сайн синца доӀа дийр ду, амма сайн хьекъалца а дийр ду ас иза. Сайн синца а, иштта сайн хьекъалца а эр ду аса Далла иллеш. 16ХӀунда аьлча, ахьа Далла баркалла Цуьнан Синехула олуш хилча, ахьа дуьйцург шена хӀун ду ца хиъча, хӀокху гуламехь волчу хийрачу стага муха эр ду ахь аьллачу баркаллина: «Амин»? 17Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чӀагӀвалар ца хуьлу.

18Тамашийнчу меттанашкахь аша массара а дуьйцучул сов айса дийцарна, аса хастам бо Далла. 19Амма суна гӀолехь хета, динан тоба гулъеллачу хенахь, сайн хьекъалца пхи дош алар кхечарна хьехам бархьама, тамашийначу маттахь итт эзар дош олучул.

20Динан вежарий! Берийн санна, ойла йолуш ма хилийша! Вониг дарна тӀехь хилийша бераш санна, амма шайн ойланца даккхий хилийша! 21 aТоврат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Кхин меттанаш дуьйцуш болчаьргахула а,
хийрачу махкахойн баганехула а
къамел дийр ду Аса цу халкъаца – боху Везачу Эло, –
амма тӀаккха а ладугӀур дац-кх цара Соьга».

22Иштта, тамашийначу меттанашкахь дийцар – билгало ю, амма и билгало, Ӏийсах тешаш болчарна а йоцуш, тешаш боцучарна ю. Ткъа Делера болу хаамаш хилар а цхьа билгало ю, амма и билгало, тешар доцучарна а доцуш, тешаш болчарна ю.

23Нагахь берриг а динан гулам цхьаьна а кхетта, аша массара а тамашийначу меттанашкахь къамел дечу хенахь, шу долчу хийра нах я Ӏийсах цатешарш чубаьхкича, шу хьерадевлла аьлла хетар-м дац те царна? 24Нагахь массара а Делера болу хаамаш бечу хенахь, шу долчу Ӏийсах цатешарг я хийра стаг чувеача, цунна хезначу дерригено а цунна къинош гучу а дохур ду, кхел а йийр ю. 25Оцу чувеанчу стеган деган къайленаш массарна гучуевр ю. ТӀаккха цо, гора а хӀоьттина, Далла Ӏибадат а деш, эр ду: «Шуна юкъахь билггал Дела ву!»

Динан тоба гулъеллачу хенахь низам хила деза

26Сан динан вежарий! ЖамӀ а деш, суна ала луург хӀара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хӀораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хӀума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьӀна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чӀагӀонна хуьлийла. 27Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тӀаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггӀана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде. 28Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта. 29Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза. 30Нагахь шух хиъна Ӏаш волчу цхьанна Дала хӀума довзуьйтуш делахь, хӀинцца дуьйцуш хилларг, вист а ца хуьлуш, саца. 31ХӀунда аьлча массеран а йиш ю Делера болу хаам рогӀехь ала. Цу тайпана массо а Ӏемар а бу, уьш иракарахӀиттор а бу. 32Пайхамаршна чуьра синош цу пайхамаршна муьтӀахь хуьлу. 33ХӀунда аьлча Дела низам цахиларан Дела вац, Иза синтеман Дела ву. Иштта хуьлу Делан долахь болчеран ерриге а динан тобанашкахь.

34Зударий гуламашкахь тийна хила беза. Царна бистхила ца магадо. Товрат-хьехамаш тӀехь ма-аллара, уьш муьтӀахь хила беза. 35Нагахь санна шайна цхьа хӀума хаа лаахь, цара цӀахь шайн майранашка хатта деза цунах лаьцна, хӀунда аьлча эхье ду зуда динан тобанийн гуламашкахь йистхилар.

36Делан дош шуьгара схьадаьлла ткъа? Я шуна бен ца довзийтина иза? 37Ша пайхамар ву бохучунна я Делан Сино луш дерг шен долчунна хаа деза, аса шайга яздеш дерш Везачу Элан весеташ дуйла. 38Нагахь цхьаммо иза тӀе ца эцахь, иза ша а тӀеэцна хир вац.

39Иштта, динан вежарий, Делера болу хаамаш бар дезаш хилалаш! Тамашийнчу меттанашкахь дийцар а ма дехка. 40Дерриге а оьзда а, низам долуш а леладе.
Copyright information for CheCAC2012