‏ 1 Corinthians 16

ЯхӀуд-махкахь болчу Делан нахана гулдеш долу ахча

1 aДелан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гӀуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. 2ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама. 3Со дӀавеанчул тӀаьхьа, аша къобал мел винарг аса Ярушалаймехь йолчу тобанан куьйгалхошна деша леринчу айса яздинчу кехаташца цхьаьна цига дӀахьажор ву, и гулдинарг цаьрга дӀадалийтархьама. 4Нагахь сан Ярушалайме дӀавар диканца хилахь, уьш соьца дӀабогӀур бу.

ПахӀалан дагахь дерг

5 bМакедон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогӀур ву, хӀунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. 6Шу долчохь со жимма соцур ву, аса Ӏа даккха а тарло шуьца. Цул тӀаьхьа аса шуьга со новкъа воккхуьйтур ву, мичча ваха дезаш иза делахь а. 7ХӀунда аьлча тӀехволлушехь шу гина Ӏа ца лаьа суна. Везачу Эло сайна пурба лахь, шуьца дикка хан яккха лаьа суна.

8 cЖуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолу ялта чудерзоран дезде тӀекхаччалц Ӏийр ву со Эпасехь. 9Суна дуьхьалбевлларш дукха белахь а, хаза кхаъ дӀакхайкхо кхузахь йоккха а, шуьйра а неӀ дӀайиллина ю суна.

10 dНагахь шу долчу Тимапи вагӀахь, цунна цхьанна а агӀор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хӀунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гӀуллакх ду. 11Цундела цхьа а цунах ца вешаш ма хилалаш. ТӀаккха иза гӀоза-маьрша новкъа ваккха, со волчу ван цуьнан таро хилийтархьама. Иза кхечу динан вежаршца цхьаьна схьаваре хьоьжуш ву со.

12Вайн динан ваша волу Апа-Леса шу долчу кхочийла чӀогӀа лиира суна. Амма иза кхоччуш къар ца велира
Амма иза кхоччуш къар ца велира – я иштта: Амма Делан лаам банне а бацара иза цкъа хӀинца шу долчу дӀаваийта.
, цкъа хӀинца шу долчу дӀа ца веача. Иза, шен йиш ма-хилли, дӀавогӀур ву.

ТӀаьххьара дешнаш

13Шу сема хилалаш, шайн тешарехь чӀагӀлой Ӏелаш, доьналла долуш а, майрра а латталаш. 14Аша массо а хӀума безамца деш хила деза.

15 fШуна массарна а бевза Сетипанан доьзал. Ахаехь болчу Ӏийсах тешначарна юкъахь уьш дуьххьарлерачарах буйла а хаьа шуна. Цара шайн дегнаш Делан нехан гӀуллакх дарна тӀедерзийна. Цундела аса доьху шуьга, динан вежарий, 16уьш санна болчу нахана а, цаьрца цхьаьна гӀуллакх деш а, къахьоьгуш а мел болчарна а муьтӀахь хилалаш.

17Сетипан, Партунат, Ахайк со волчохь хилар суна чӀогӀа хазахета. Шу суна юххехь ца хиларна, цара, шун метта гӀо дора суна. 18Цара сан а, шун а синош иракарахӀиттийра. Уьш санна болчеран ларам белаш.

19 gАсиа-махкарчу динан тобанаша маршаллаш доуьйту шуьга. Ӏакхилас а, ПхьаьрскӀилата а, церан цӀерачу динан тобанехь болчара а мерза маршаллаш доуьйту шуьга, шаьш, шу санна, Везачу Элан долахь хиларна. 20Массо а динан вежарша а маршаллаш доуьйту шуьга.

Доггах
Доггах – ма-дарра аьлча: Беза барт баккхарца...
вовшашка маршалла хатта.

21Аса, ПахӀала, сайн куьйган йозанца дӀадоуьйту шуьга и маршаллаш.

22Нагахь Веза Эла ца везаш цхьаъ велахь, неӀалт хуьлийла цунна.

Марана-тхьа
Марана-тхьа – и дош арамхойн маттера ду. Цуьнан маьӀна: «Волахь, вайн Веза Эла!» – бохург ду.
. Волахь, вайн Веза Эла!

23Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца.

24Сан безам а хуьлийла шуьца массаьрца а, Дала леррина Къобалвинчу Ӏийсан долахь вай долу дела.
Copyright information for CheCAC2012