‏ 1 Corinthians 2

Дала леррина Къобалвинарг жӀарах дӀатохарх лаьцна болу хьехам

1Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах
Делан къайленах – цхьадолчу тептарш тӀехь яздина ду: Делах лаьцна долчу тоьшаллех.
лаьцна сайн хьекъалца а, Ӏилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,
2хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург. 3 bСайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь. 4Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера. 5И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.

Делан хьекъалалла

6Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац. 7Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла. 8И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара. 9 cАмма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг
бӀаьргана а ца гина,
лергана а ца хезна,
адамна дага а ца деана».

10Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а. 11Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен. 12Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.

13Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай
Я иштта: Синца доьзна хӀуманаш Синан дешнийн гӀоьнца кхетадо.
.
14Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела. 15Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц. 16 eХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна?
Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?»

Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.
Copyright information for CheCAC2012