‏ 1 Corinthians 3

Далла гӀуллакхдийраш

1Динан вежарий, аса къамел дечу хенахь, сан йиш яцара Делан Синах буьзна болчаьрца санна шуьца къамел дан. Аса кху дуьненара болчаьрца санна а, Дала леррина Къобалвинчуьнца йолчу шун уьйре хьаьжжина, кегий берашца санна а къамел дира шуьца. 2 aӀовша хала йолу яа хӀума а ца луш, шура малайора аса шуна, хӀунда аьлча цкъачунна онда юург яа ца лора шуьга. Шуьга-м хӀинца а яалур яц иза, 3шу хӀинца а шайн синан лаамашца дехаш долу дела. Нагахь шуна юкъахь вовшашка хьагӀ а хилча, шун вовшашца къийсарш а хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах? Аша а ца леладо кху дуьненарчу адамаша леллорг? 4 bНагахь шух цхьаммо «Со ПахӀална тӀаьхьахӀиттинчарах ву», ткъа вукхо ша «Апа-Лесинчарах ву» бохуш хилча, тӀаккха шу а ца хуьлу кху дуьненах болчарах?

5Ткъа мила ву Апа-Леса? Я мила ву ПахӀал? Тхайгахула шу тешаре далийна долу ялхой бен дац тхо. Везачу Эло тхаьшна хӀоранна тӀедиллина доллучул гӀуллакх кхочушдина оха. 6 cАса хӀу тесира, Апа-Лесас цунна хи туьйхира, амма и хӀу хьалакхиийнарг Дела ву. 7Цундела и хӀу дӀадийнарг а, цунна хи тоьхнарг а цхьа а воцург ву. Ткъа Дела ладаме ву, хӀунда аьлча Иза – и хӀу хьалакхиош Верг ву. 8ХӀу дӀадуьйш волчун а, цунна хи тухуш волчун а цхьатерра Ӏалашо ю. ХӀоранна а, динчу гӀуллакхе хьаьжжина, цунна доггӀург дӀалур ду. 9Тхойшиъ цхьаьна Далла гӀуллакх дийриг ву, ткъа шу Делан аре а, Цуьнан гӀишло а ю.

10Говзачу гӀишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похӀме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тӀехь гӀишло йо. Амма хӀорра а ша и гӀишло муха еш ю хьажа веза. 11ХӀунда аьлча цхьаннан а йиш яц, ша хӀинцале болуш болу, Дала леррина къобалвина Ӏийса волу бух боцург, кхин бух билла. 12Оцу бух тӀехь деших, я детих, я дезачу тӀулгех, я дечигах, я алах, я чех цхьаъ гӀишло еш хила тарло. 13Царах хӀораннан а гӀуллакх къематдийнахь гучудер ду, хӀунда аьлча цу дийнан цӀеро и гӀуллакх, зен а зуьйш, серла а доккхур ду, цуьнан мах а гойтур бу. 14Нагахь санна цхьаммо дина долу гӀуллакхаш, цӀеро талха а ца деш, шен меттахь латтахь, цунна совгӀат хир ду. 15Ткъа нагахь цхьаммо динарг цӀергахь дагахь, цунна эшам хир бу. Иза ша-м кӀелхьарвер ву, амма цӀерах чекхволуш санна вер ву.

16 dШуна ца хаьа ткъа, шух хӀорра а Делан цӀа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? 17Нагахь цхьаммо Делан цӀа хӀаллакдахь, Дала иза хӀаллаквийр ву, хӀунда аьлча Делан цӀа Цуьнан долахь бен дац. Ткъа и Делан цӀа шу шаьш ду.

18Шу Ӏеха ма лолаш. Шух цхьанна ша, кху дуьненан хьекъалалле хьаьжжина, хьекъалалла долуш ву моттахь, тӀаккха иза «сонта» хила веза, ша билггал хьекъале хилархьама. 19 eХӀунда аьлча кху дуьненан хьекъалалла Далла хьалха «сонталла» ю. Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: «Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу». 20 fКхин а яздина ду: «Везачу Элана хаьа, хьекъалалла долчеран ойланаш эрна юйла». 21Цундела цхьаммо а ша цхьана адаман долахь хиларх дозалла дан ца деза, хӀунда аьлча массо а хӀума шун долахь ду, 22хӀуъа а иза делахь а: я ПахӀал, я Апа-Леса, я Кипа, я хӀара дуьне, я дахар, я валар, я хӀинца долуш дерг, я хиндерг. И дерриг а шун долахь ду. 23Шу Дала леррина Къобалвинчун долахь ду, ткъа Иза – Делан ву.
Copyright information for CheCAC2012