‏ 1 Corinthians 4

Дала леррина Къобалвинчун векалш

1Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гӀуллакх дийраш санна тӀеэца деза тхо хӀораммо а. 2Ткъа, шех теша а тешна, и гӀуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. 3Сан кӀезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел. 4Сан дог цӀена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо. 5Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Ӏалашонаш а гучуйохур ю. ТӀаккха Дала хӀоранна а хастам дӀалур бу.

6Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хӀуманна тӀехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тӀера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а. 7Хьан боху хьо кхечарал гӀоле ву? Хьан хӀун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хӀунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгӀат доцуш санна?

8ХӀинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХӀинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хӀинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тӀаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара! 9Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дӀахӀиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хӀаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха. 10Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гӀорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху. 11Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тӀехь хӀума цахилар а, тхайна еттар а, даха хӀусам цахилар а. 12 aОха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. 13Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.

14Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хӀара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. 15ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. 16 bЦундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера. 17И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кӀант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хӀорра динан тобанехь а муха хьоьху а.

18Со шу долчу вогӀур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна. 19Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу. 20ХӀунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду. 21Шуна хӀун лаьа? Со гӀожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогӀийла лаьий шаьш долчу?
Copyright information for CheCAC2012