‏ 1 Corinthians 5

Динан тобанехь сийсазлелар ду

1 aШуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. 2Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гӀолехь дара шуна, гӀайгӀанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дӀаваьккхина хилар а. 3Со дегӀаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. 4Веза Эла волчу Ӏийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тӀаккха вайн Веза Эла волчу Ӏийсан олаллица 5цу тайпана верг иблисан кара дӀало, цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина
Цуьнан синан лаамаш хӀаллак а байтина – я иштта: цуьнан дегӀ хӀаллак а дайтина.
, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кӀелхьардалийтархьама.

6 cАша дозалла дан хӀумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КӀеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»? 7 dШаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дӀабаккха. ХӀунда аьлча шу Ӏийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Ӏахар санна сагӀина дӀавелла. 8 eЦундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцӀена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца.

9Аса сайн кехата тӀехь, сийсаза лелачаьрца тӀекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга. 10Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цӀушна Ӏамал еш болчаьрца а тӀекаре ма е. ТӀаккха-м хӀара дуьне дита дезар дара аша. 11Ткъа аса шуьга яздинарг хӀара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цӀушна Ӏамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тӀекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа.

12 13 fХӀунда аьлча сан хӀун гӀуллакх ду динан тобанан юкъа ца богӀу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогӀург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тӀехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дӀаваккха».
Copyright information for CheCAC2012