1 Corinthians 7
Зудаялорах лаьцна
1Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гӀолехь ду». 2Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза. 3Майрачо шен зудчун дегӀан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегӀан лаам. 4Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду. 5Вовшашца бинчу бартаца шаьш доӀа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тӀаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама. 6Иза аса шуна тӀе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хӀума ду аьлла боху аса. 7Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хӀоранна а Дала шен-шен похӀма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. 8Ткъа зударий белла бисинчаьрга ▼▼Зударий белла бисинчаьрга – я иштта: зуда ялоза болчаьрга.
а, бисина Ӏаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Ӏер гӀолехь ду». 9Амма шаьш иштта ца Ӏалахь, цара зуда яло еза. ДегӀан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гӀолехь ду. 10 bЗударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тӀедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дӀа ма къаста аьлла. 11Ша дӀакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагӀо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. 12Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Ӏийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дӀакъаста ца веза и стаг. 13Иштта, Ӏийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дӀакъаста ца еза и зуда. 14ХӀунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цӀена хир дацара, ткъа хӀинца уьш Дала даздина ду. 15Нагахь Ӏийсах тешар доцург шен зудчух дӀакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дӀакъаста лууш елахь, уьш дӀакъастийта. ХӀунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гӀуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. 16Хьанна хаьа, зудчо шен майра кӀелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кӀелхьаръяккха мега. Ша Дала тӀекхайкхинчу дахарехь висар
17ХӀорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тӀекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тӀедуьллу аса массо а динан тобанашна а. 18Нагахь Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дӀаяккха ма гӀерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. 19Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хӀумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. 20ХӀорра а, Дала керлачу дахаре тӀекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. 21Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хӀумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргӀатвала хьайн аьтто белахь, паргӀатвала а хьажа. 22ХӀунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхинчул тӀаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргӀат ву. Ткъа тӀекхайкхале паргӀат хилларг – хӀинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. 23Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хӀунда аьлча шух беза мах белла. 24Динан вежарий! Далла хьалха хӀорра а Везачу Эло керлачу дахаре тӀекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса.Зуда ялоза а, маре бахаза а болчарах лаьцна
25Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тӀедиллина ду аьлла, тӀетоха хӀумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху. 26Суна схьахетарехь, адаман хӀинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хӀинццалц хиллачу хьолехь висар гӀолехь ду. 27Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дӀакъаста ма гӀерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха. 28Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоӀ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чӀогӀа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара. 29Динан вежарий! Аса хӀара боху шуьга: хан кӀезиг йисна, цундела хӀинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. 30Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХӀума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза. 31Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хӀунда аьлча тахана долуш долу дуьне дӀадолуш ду. 32Суна-м шун цхьана а хӀуманна тӀехь гӀайгӀа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гӀуллакхна гӀайгӀанехь ву. 33Ткъа зуда ерг дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гӀерта. 34Цу тайпана цуьнан гӀайгӀанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гӀерташ, Цунна гӀайгӀанехь хуьлу, шен дегӀаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гӀуллакхийн гӀайгӀанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш. 35Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хӀуманна тӀе ойла ца йохуьйтуш. 36Нагахь ша захало дийцина йоӀ цӀахь йитар бегӀийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоӀстаг ялаяйта, иза къилахь дац. 37Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоӀ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гӀуллакх цунна тӀедиллина а дацахь, нагахь цу тӀехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гӀуллакх ду. 38Ша захало дийцина йоӀ ялош волчо дийриг а дика хӀума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гӀолехь ду. 39Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза. 40Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Ӏийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тӀе валаво аьлла хета суна.
Copyright information for
CheCAC2012