‏ 1 Corinthians 9

Векалан бакъонаш а, декхарш а

1Со паргӀат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Ӏийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тӀе далийнарш? 2Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХӀунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар.

3Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хӀара ду сан. 4Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? 5Кхиболчу векалша а, Ӏийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? 6Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа? 7Муьлххачу тӀемалочо, ша эскарехь гӀуллакх дечу хенахь, ша-шен гӀайгӀа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дӀа а йоьгӀна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Ӏуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу?

8Адамаша олучу тайпана хилла Ӏай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? 9 aХӀунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ду: «Оручу стеран бага дӀа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? 10Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хӀунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. 11 bШун синошна оьшуш долу хӀу оха тесна хилча, тӀех зен дой те оха шуна, тхайн дегӀана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? 12Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш?

Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тӀе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дӀакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама.
13 cШуна хууш дац ткъа, Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь гӀуллакх деш болчара а цу сагӀина деанчух дакъа шайна дӀаоьций? 14 dИштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тӀедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла.

15Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хӀара дешнаш. Суна валар а гӀолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дӀадоккхучул. 16Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хӀунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! 17Аса, сайн лаам а болуш, и гӀуллакх деш делахьара, Делера совгӀат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тӀаккха сайна тӀедиллина долу гӀуллакх кхочушдо аса. 18Ткъа сан совгӀат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дӀакхайкхабарна дуьхьал хӀумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гӀуллакх тӀехь сайна йогӀуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса.

19Массарах а паргӀат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тӀеберзорхьама. 20Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тӀеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. 21Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела. 22Тешарехь чӀагӀбелла боцучаьрца чӀагӀвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чӀагӀбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кӀелхьарбахархьама. 23И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама.

24Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгӀат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгӀат шайна кхачийтархьама. 25Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хӀуманна тӀехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дӀадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. 26Цундела со, шена хьалха цхьа Ӏалашо хӀоттийна воцург санна, вада а ца воду, хӀаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. 27Мелхо а, аса, сайн дегӀ кхоа а ца деш, цунна тӀехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.
Copyright information for CheCAC2012