1 John 1
Дахар луш долу Дош
1 aИза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара. 2 bИ дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хӀинца тхуна довзийтина иза. 3Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а. 4ХӀара яздо оха, вайн ▼▼Вайн – цхьадолчу тептарш тӀехь: шун.
хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама. Дела – серло ю
5Тхуна Цуьнан КӀантера хезна болу а, оха шуна дӀакхайкхош болу а кхаъ хӀара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац. 6Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела. 7Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо. 8Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тӀаккха вай цу дешнашца ваьш Ӏехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. 9Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. 10Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тӀаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
Copyright information for
CheCAC2012