1 John 2
Ӏийса ву вайна ГӀодийриг
1Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хӀара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГӀодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Ӏийса – Делан лаамехь Верг. 2Иза вайн къинош дӀадахаран сагӀа ду. Ткъа и сагӀа, вайн къиношна тӀера тоьъна а ца Ӏаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тӀера тоьар ду. 3Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тӀедехкина парзаш вай лардаро. 4Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац. 5Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю: 6шен Делаца уьйр ю бохург Ӏийса ма-леллара лела веза.Керла парз
7 aСан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу. 8ХӀетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хӀунда аьлча бода дӀаболу, ткъа билггал йолу серло хӀинцале а къегаш ю. 9Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хӀинца а боданехь лела. 10Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Ӏаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. 11Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гӀерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хӀунда аьлча цу бодано иза бӀарзвина. 12Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш,Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела.
13Ас яздо шуьга, дайшка,
юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела.
Ас яздо шуьга, къонахошка,
иблисал шу тоьлла дела.
14Ас яздина шуьга, сан динан бераш,
стигалара Да шуна вевзина дела.
Ас яздина шуьга, дайшка,
юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела.
Ас яздина шуьга, къонахошка,
шу доьналла долуш долу дела а,
Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а,
иблисал шу тоьлла долу дела а.
15ХӀара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хӀара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. 16ХӀара ду дуьнен чохь мел долу хӀума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хӀуманна бӀаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. 17Дуьне а, дуьненан лаамаш а дӀабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
Дала леррина Къобалвинчун мостагӀа
18Сан динан бераш! ХӀара кху дуьненан тӀаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогӀур ву аьлла. Ткъа хӀинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хӀара билггал тӀаьхьара зама юйла. 19И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хӀинца вайна юкъара дӀабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогӀуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дӀабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогӀуш ца хилар. 20Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа. 21Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а. 22Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тӀе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КӀант а тӀе ца лоцу цо. 23Делан КӀант къобал ца вечу хӀораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КӀант къобалвечо стигалара Да а къобалво. 24Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КӀантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. 25Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваӀда ду: хедар доцу дахар. 26ХӀара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дӀахьедан. 27Амма шу Делан КӀанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара. 28Иштта, сан хьоме бераш, кхидӀа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а. 29Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хӀора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.
Copyright information for
CheCAC2012