‏ 1 John 3

Делан бераш

1 aХьовсийша, мел кӀоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хӀунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна. 2Сан хьоменаш! ХӀинца вай Делан бераш ду, амма кхул тӀаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хӀинца а дӀа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. 3Иштта Цунах сатийсар долуш Ӏаш волчу хӀораммо а ша цӀанво, И санна цӀена хилархьама.

4Къинош летош мел верг Ӏеса лелаш ву, ткъа къинош летор Ӏесалла ду. 5 bШуна ма хаьа, Иза къинош
Къинош – цхьадолчу тептарш тӀехь: вайн къинош.
дӀаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац.
6Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина.

7Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тӀера шу дӀа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара. 8Къа латориг иблисах схьаваьлла, хӀунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КӀант веана цу иблисан гӀуллакхаш дохорхьама.

9Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хӀух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. 10Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац.

Вовшийн дезалаш

11 dЮьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу. 12 eКхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хӀунда вийра цо иза? Шен гӀуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гӀуллакхаш Делан лаамехь долу гӀуллакхаш хилла дела.

13Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь. 14 fВайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хӀинца а Ӏожаллин карахь ву. 15Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла. 16Амма Ӏийсас вайн дуьхьа Шен са дӀадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дӀадала. 17Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тӀаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? 18Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гӀуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.

Тединчу дегнашца Далла хьалха хилар

19Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай, 20вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа. 21Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. 22ТӀаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хӀуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна. 23 gТкъа Делан весет ду: Цуьнан КӀант волчу, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсан цӀарах а тешаш, Цо вайна тӀе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар. 24Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.
Copyright information for CheCAC2012