‏ 1 John 4

Билггал бакъдолу Са а, адам тилош долу са а

1Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХӀунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. 2Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Ӏийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. 3Ткъа Ӏийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догӀур ду аьлла, иза хӀинцале а долуш а ду дуьнен чохь.

4Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хӀунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. 5Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугӀу цаьрга. 6Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугӀу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугӀу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.

Дела Ша – безам бу

7Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хӀунда аьлча безам Делера бу. ХӀора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза. 8Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хӀунда аьлча Дела Ша а безам бу! 9Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КӀант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама. 10Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КӀант ваийтира вайн къинош дӀадахаран сагӀа санна.

11Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза. 12 aДела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу.

13Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела. 14Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КӀант дуьнен чуьра адамаш КӀелхьардохург санна ваийтина хиларх. 15Нагахь цхьаммо Ӏийса Делан КӀант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву. 16Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна.

Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву.
17Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела. 18Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дӀатотту, хӀунда аьлча кхерам гуттар а таӀзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац.

19Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела. 20Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХӀунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац! 21Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».
Copyright information for CheCAC2012