‏ 1 John 5

Дуьненна тӀехь болу толам

1Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг хиларх тешаш волу хӀора а Делах схьаваьлла ву. Ткъа динан бераш кхуллуш волу Дела везачу хӀоранна а Делах даьлла долу бераш а деза. 2Делан бераш вайна дезаш хилар вайна гойту, Дела а везаш, Цуьнан весеташ вай кхочушдаро. 3 aХӀунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тӀех хала а дац, 4хӀунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тӀехь толам боккху. Ткъа дуьненна тӀехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу. 5Ӏийса Делан КӀант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тӀехь толам?

Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах деш долу тоьшалла

6ХӀара ву хица а, цӀийца а Веанарг: Дала леррина къобалвина Ӏийса. Иза хица веана а ца Ӏаш, амма хица а, цӀийца а веана ву. Ткъа Делан Сино тоьшалла до цунах, хӀунда аьлча Делан Са билггал долу бакъдерг ду. 7Кхо теш ву: 8Делан Са а, хи а, цӀий а. Цу кхааммо а оцу цхьана хӀуманах цхьатерра тоьшалла до. 9Вай теша адамаша дечу тоьшаллех, ткъа Делан тоьшалла дуккха а нуьцкъала ду. Дала Ша тоьшалла дина Шен КӀантах лаьцна. 10Делан КӀантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хӀунда аьлча иза Дала Шен КӀантах аьллачух ца теша. 11 bИ тоьшалла иштта ду: Дала вайна хедар доцу дахар делла. Ткъа и бакъдолу дахар Цуьнан КӀантаца ду. 12КӀантаца уьйр йолчун бакъдолу дахар ду. Ткъа КӀантаца уьйр йоцучун бакъдолу дахар дац.

Бакъдолу дахар

13Аса хӀара яздина шуьга, Делан КӀантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дӀахаийтархьама. 14Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хӀума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дӀахезар ду. 15Вай деххнарг хӀуъа а Цунна дӀахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.

16Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тӀаккха цо доӀа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тӀера деха ца боху аса. 17Муьлхха а харцдерг къилахь ду. Амма валаре далош доцу къинош а ду.

18Вайна хаьа, ша Делах схьаваьлла волчу цхьаммо а къа ца латадойла. Ткъа Делах схьаваьлла Волчо иза ларво – иблисе зе ца дало цунна.

19Вайна хаьа вай Делан долахь хилар а, дерриге а дуьне иблисан карахь хилар а.

20Иштта вайна хаьа, Делан КӀанта, ван а веана, кхетам ваьшна беллийла, билггал бакъволу Дела вайна вовзийтархьама. Ткъа вай, бакъволчу Делаца хилла а ца Ӏаш, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а ду. Иза ву билггал бакъволу Дела а, бакъдолу дахар а!

21Сан хьоме бераш! ЦӀуйх ларделаш шаьш.
Copyright information for CheCAC2012