‏ 1 Kings 1

Дауд-паччахь къанвелла хан

1Дауд-паччахь дикка къанвелла, хан тоьхна стаг волуш, иза хӀуъа дича а вох ца лора. Паччахь вохвалийта ялхоша юргӀанаш тосура цунна тӀе. 2ТӀаккха паччахьан уллорачара элира цуьнга: «Оха къона йоӀстаг лохур ю хьуна, цо хьан гӀайгӀа бийр бу. Иза хьуна улло охьаюьжур ю, тӀаккха хьо вохлур ву».

3Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоӀ лийхира цара паччахьна. ТӀаккха АбишагӀ цӀе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тӀе ялийра цара. 4И йоӀ чӀогӀа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.

Адан-ЯхӀус паччахьан меттиг къовсар

5 aКураваьллачу Хьагатан кӀанта Адан-ЯхӀус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кӀант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гӀудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира. 6Дас цкъа а, иза я важа хӀунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхӀу чӀогӀа хаза вара. Иза Абушаламал тӀаьхьа вина вара паччахьна. 7Царуятан кӀантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтӀарих а дагаволура Адан-ЯхӀу. Цара гӀо а дора цунна. 8Амма динан да ЦӀадукъа а, БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Ната-пайхамар а, ШамаӀи а, РеӀа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тӀемалой а Адан-ЯхӀугахьа бацара.

9Ӏейн-РегӀал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу
Зохьелат тӀулг – я иштта: лаьхьанан тӀулг.
тӀулгана уллохь, Дауд-паччахьан кӀентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гӀуллакх деш болу берриге яхӀудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагӀий, эсий дайира Адан-ЯхӀус.
10Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхӀу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхӀус.

Сулимах паччахь вар

11 cТӀаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаӀе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а? 12Ткъа хӀинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кӀентан Сулиман а дахар ахьа муха кӀелхьардаккха деза аьлла. 13Дауд-паччахьна тӀе а гӀой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чӀагӀо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кӀант Сулим хьол тӀаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀу хӀунда хуьлуш ву паччахь?’ 14Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тӀаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догӀург тӀе а тухуш“».

15Паччахь вуьжучу цӀа чу елира Бат-ШабаӀ. Паччахь чӀогӀа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагӀ яра цу чохь. 16Бат-ШабаӀа, охьа а таьӀна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хӀун оьшу?»

17Бат-ШабаӀа жоп делира: «Сан олахо, сан паччахь! Хьайн Далла хьалха хьайн лай йолчу суна чӀагӀо ма йира ахьа, сан кӀант Сулим хьайл тӀаьхьа паччахь хилла охьахуур ву аьлла. 18Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀух паччахь хилла боху. Хьуна-м, сан паччахь волу олахо, иза хаа а ма ца хаьа. 19Дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина, массо а хьан, паччахьан, бераш а, динан да Абу-ЯтӀари а, тӀемалойн хьаькам волу Йоаб а кхайкхина цо. Ткъа хьан лай волу Сулим цо ца кхайкхина. 20Сан паччахь волу олахо, массо Исраилан халкъан бӀаьргаш хьуна тӀе боьгӀна бу, ахьа дӀакхайкхоре ладоьгӀуш, сан паччахь волу олахо, хьан метта, хьол тӀаьхьа мила хир ву те бохуш. 21ХӀунда аьлча сан паччахь волу олахо, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхетча, суна а, сан кӀантана Сулимна а тӀе бехк божор бу».

22Бат-ШабаӀ паччахье йистхилла а ялале, Ната-пайхамар схьавеара. 23Паччахье хаам бира, Ната-пайхамар веана аьлла. Паччахь волчу чу а ваьлла, шен корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра Ната-пайхамаро. (Цу хенахь Бат-ШабаӀ чуьра араелира, хӀунда аьлча, шен гӀуллакх дахьаш, паччахь волчу цхьана стеган бен ван йиш яцара.) 24Цо элира: «Сан паччахь волу олахо! Аьллерий те ахь, хьайл тӀаьхьа паччахьалла а деш, хьайн метта Адан-ЯхӀу охьахуур ву аьлла? 25ХӀунда аьлча Адан-ЯхӀус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина. Берриге а паччахьан кӀентий а, тӀемалойн хьаькамаш а
ТӀемалойн хьаькамаш – цхьана тишачу гочдар тӀехь дӀаяздина ду: сан эскаран хьаькам Йоаба.
, динан да волу Абу-ЯтӀари а тӀе а кхайкхина, Ӏаш ву иза. ХӀинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхӀу-паччахь!“
26Ткъа хьан лай волу со а, динан да ЦӀадукъа а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, хьан лай Сулим а ца кхайкхина цо. 27Сан паччахь волчу олахочун лаамца хилла дуй те иза? Хьан лай волчу соьга хӀунда ца хаийтина те ахьа, мила хуур ву сан паччахь волчу олахочул тӀаьхьа цуьнан метта паччахьалла дан?»

28ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкхал суна тӀе Бат-ШабаӀ». Иза, паччахь волчу а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира. 29ТӀаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, 30Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чӀагӀо ма-ярра, хьан кӀант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана».

31ТӀаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таӀийна, Бат-ШабаӀа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!»

32Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тӀе динан да волу ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а».

Уьш паччахь волчу чубевлира.

33Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кӀант Сулим, сан бӀарзанна тӀе а хаавай
Сан бӀарзанна тӀе а хаавай – иза хилла цу хенахь паччахь хиларан билгало.
, Гихьон-шовданна йисте дӀавига.
34Цигахь динан дас ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тӀе даьтта а дуттуш. Цул тӀаьхьа, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“– аьлла. 35И хӀума шаьш дина девллачул тӀаьхьа юха схьавалаве иза. ТӀаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга».

36ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала. 37Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а».

38ТӀаккха динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус а, кератхоша а, палетхоша
Кератхой, палетхой – кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.
а Сулим, Дауд-паччахьан бӀарзанна тӀе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира.
39Цул тӀаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маӀа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира
И хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира – и дарца Сулим паччахь хиларна къобалвар гойтура.
. ТӀаккха зурманчаша коьман маӀа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!»
40Цул тӀаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тӀаьхьахӀоьттира. Массо а халкъана и хӀума чӀогӀа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора.

41ХӀума юучуьра севцича, Адан-ЯхӀуна а, цо кхайкхинчарна а и гӀовгӀанаш хезира. Ткъа коьман маӀан гӀовгӀа хезна волчу Йоаба элира: «И хӀун гӀовгӀа ю яьлларг? ХӀун ду те гӀалахь хилларг?» 42Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀуната тӀевеара. Ткъа Адан-ЯхӀус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».

43ТӀаккха ЯхӀунатас Адан-ЯхӀуга жоп делира: «ХӀан-хӀа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дӀахӀоттийна. 44Паччахьо динан да ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бӀарзанна тӀе хаийна. 45ТӀаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дӀадоьдуш долу халкъ чӀогӀа хазахетта ду, ерриг гӀала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гӀовгӀа. 46ХӀинца паччахьан метта Сулим охьахиъна. 47Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цӀе хьан цӀарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТӀаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьӀира царна. 48Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кӀант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“»

49ТӀаккха Адан-ЯхӀус кхайкхина берш, кхера а белла, шайн-шайн цӀа дӀасабахара. 50Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, вахана сагӀа доккхучу кхерчан маӀех тасавелира
СагӀа доккхучу кхерчан маӀаш – и маӀаш схьалаьцна волу хӀора а стаг ша верах кӀелхьарволура.
.
51ТӀаккха Сулимна тӀе хабар кхачийра, Адан-ЯхӀу Сулим-паччахьах кхера а велла, и кхерч схьа а лаьцна, лаьтташ ву аьлла. Цо доьху шена Сулим-паччахьо чӀагӀо яр, шен лай Адан-ЯхӀу тур тоьхна цо вуьйр вац аьлла.

52Ткъа Сулим-паччахьо элира: «Нагахь иза хӀинца дуьйна дог цӀена стаг хилахь, цуьнан коьрта тӀера цхьа а чо лаьтта охьабожор бац, амма иза ямарта хилахь, лийр ву». 53ТӀаккха Сулим-паччахьо, ялхой а бахийтина, сагӀа доккхучу кхерчан уллора схьавалавайтира Адан-ЯхӀу. Иза схьа а веана, Сулим-паччахьна хьалха охьатаьӀира. Ткъа Сулим-паччахьо Адан-ЯхӀуга элира: «Вало, хьайн цӀа гӀо».
Copyright information for CheCAC2012