‏ 1 Kings 10:26-29

26 aЧкъургаш йолу дойн гӀудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гӀудалкхаш цхьа эзар йиъ бӀе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гӀалахь дӀахӀиттайора Сулим-паччахьо. 27 bДетин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо. 28 cТкъа говраш Мисар-махкара а, Килик
Килик – Ӏебархойн маттахь: Кхавей.
цӀе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.
29Мисар-махкара яхьачу чкъургашна тӀехь йинчу дойн гӀудалкхийн мах ялх бӀе дато шекхал ахча бара, ткъа цхьана динан мах цхьа бӀе шовзткъе итт дато шекхал ахча бара. Иштта уьш массо а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.
Copyright information for CheCAC2012