‏ 1 Kings 13:30-32

30Пайхамаро и дакъа шен къубба чу диллича, иза а, цуьнан кӀентий а Делан стагана боьлхура: «Маржа-яӀ, сан ваша!» – бохуш. 31И стаг дӀавоьллинчул тӀаьхьа цо шен кӀенташка элира: «Со велча, и Делан стаг дӀавоьллинчу къубба чохь дӀаволла со а. Цуьнан даьӀахкашна улло сан даьӀахкаш а яхка. 32ХӀунда аьлча билггал кхочуш хир ду оцу стага, шена Везачу Эло тӀе-ма-диллара, Бетал-гӀаларчу сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал а, Шамран-махкарчу гӀаланашкахь болчу гунашкахь лаьттачу харцделанийн цӀеношна дуьхьал а аьлларг».
Copyright information for CheCAC2012