1 Kings 17:13-18
13Эли-ЯхӀус оцу зудчуьнга элира: «Ма кхера, зуда, дӀа а гӀой, айхьа бохург де. Амма цкъа хьалха хьайн долуш долчух жимо совсаза хьокхам а баттий, суна схьаба, цул тӀаьхьа хьайна а, хьайн кӀантана а яа хӀума кечъе. 14ХӀунда аьлча Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Хьан текхара дама а хедар дац, кхаби чуьра даьтта а жимлур дац, Везачу Эло лаьтта догӀа даийтталц“». 15Цо, дӀа а яхана, Эли-ЯхӀус боххург дира. Дуккха а деношна Эли-ЯхӀуна а, оцу зудчунна а, цуьнан кӀантана а яа хӀума тоьура. 16Текхара дама а чекх ца долура, кхаби чуьра даьтта а лах ца лора, Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара. 17Цул тӀаьхьа оцу йисина Ӏачу зудчун кӀант цомгуш хилира. И цамгар чӀогӀа хиларна, кӀентан садаӀар а сецнера. 18Оцу зудчо Эли-ЯхӀуга элира: «Ва Делан стаг, хьан хӀун бала бу соьца? Я хьо, Далла сан къинош дага а доуьйтуш, сан кӀант вен веана ву те?»
Copyright information for
CheCAC2012